Украиница визан раж юкъаяккха еза аьлла, хетачу нехан терахь шозза алсамдаьлла кху тIаьхьарчу шина шарахь. Цунах лаьцна хаам бина Левада-центро. ХIинца цу тайпа нах бу Оьрсийчохь 38 процент.
Украинерчу социологаша бинчу талламца, 49 процентана украинахошна хета Оьрсийчоьнца визан раж юкъаяккха еза аьлла. 2014-чу хенахь цу нехан терахь дара 15 процентов.