ХIан-хIа, ас шун тидаме юьллург яц оьздангаллин «Синмехаллаш»цIе йолу проект, амма вайн дийцаредо, кегийрхошна юкъахь дайн оьзда гIиллакхаш, ламасташ марздеш, хаздеш, даржорехь и болх эвсарабаьккхина дIахьочарех.
Нохчийн оьздачу духарца, холхаза куй туьллий, некхан хьалха кхозуш Кадыров Ахьмадан цIарх мидал а йолуш гучуволу хIоразза а программа дIахьошволу Шамсуддинов Эзар-Iела.
Маршо Радион ладогIархоша хаамаш барца цхьана дийнахь бухахь йолчу зудчунна а, доьзална а тIе ши зуда ялийна «Синмехаллаш» дIахьочу Шамсуддинов Эзар-Iелас.
Иза-м дуьххьара вац.
Масех шо хьалха шина йоIана тешнабехк бинера Нохчийчуьрчу цхьана эвларчу жимачу стага. Цаьршиннах хьулам а бина цхьана буса хан йиллийтина шингге а, схьаялийра цо.
Видеоца карладоккху и сурт.
Дахначу шарахь йоккха сенсаци яра махкарчу Курбан цIе йолчу цхьана хьоладас зудчунна тIе ши зуда ялийна бохуш, социалан машанашкахь эккхийтина гIовгIа.
Видео а, суьрташ а даржийра цу тойнера оцу сохьта.
Дуьненаюкъарчу Каннехь дIахьочу фестивалан кепехь дара хIоттийна ловзар: лаьтта тесна цIен куз, цхьацца езачу машенаштIехь схьакхоьхьу нускалш, церан цу кузатIехула Голливудан артиcтийн боларехь схьабахкар...
Бу цу ловзаргахь баккхий нах: зударий, божарий.
Гучу чуьртаца, дуьхьал бац уьш нохчийн Iадаташкахь данне доцчу ламастна.
Хуьлийла а дац, хIунда аьлча, Курбан хьал-бахам совбаьлла стаг ву, цо диннарг ца магийтийча ца долу.
ГIиллакхаш лардар, дайн весеташца вахар мискачунна тIехь ду.
Нохчийн филармонин артисташ бу цигахь иллеш, эшарш лоькхуш, дешнашца Курбан саннарг ван а вац бохуш, декъалвеш.
Церан хIун дов, шайн кисанаш дуьзна дIагIонболчу.
Дуккхахболчу, ламазна муьлхачу агIор хIутту а ца хуучу боьршачу наха зударшца баьллачу къовсамехь олуш хеза «Дала тхуна магийна ду-кх 3-4 зуда яло».
Мехкан куьйгалхочо даржехь айвинчу «Синмехаллаш» дIахьочу Эзар-Iелина а, цуьнан лорах воьдучунна а ца хууш хир ду, оьздангалла, эхь-бехк, тешам, яхь и дерриге а синмехаллех лаьттийла.
Цхьана дийнахь шех тешна, шена тIаьхьахIоьттина, дика а вуон а, мацалла-хьогалла, хало-атто йоькъуш схьаеанчу зудчун пусар цадар, цуьнан нахаца гIиллакхех вохар, шен берашца эхь-бехк цалацар, къинхетаме цахилар гойтур дуй синмехаллаш шеца йолчо?
Социалан машанера Шамсуддинов Эзар-Iелас ши зуда ялор дийцаредечуьра ду хIара йозанаш.
Амма, воккхавийриг ду, Нохчийчохь кхетам болуш, нохчалла цкъа а шен сих дIахедар доцурш хилар.
Царех ву Cоьлж-ГIалара вахархо Айдамиров Азамат
Азамата къобал ца до, цхьаболчу боьршачу нехан зударех ловзар.
Делахь а боху цо, "яло мегар ду цхьаболчу зударшна тIе".
Айдамиров: «Соьга хаьттича, зудчунна тIе зуда яло мегар дац, нагахь санна бухарниг могуш елахь, цунна ша реза а велахь, и доьзалхо хуьлуш а елахь. Цхьана буса масех зударий балор суна дош ца хета, сонталла лору ас и.
Зуда яло дIаггара къонахалла ца оьшу. Оцу зудчун доьзал бацахь, иза могуш яцахь, я чохь-арахь ларош яцахь, бухарчу зудчуьнгара пурба а даьккхина ялош и шолгIа зуда. И зуда схьаялаярх дIадолуш дац и, цунна Iен-яха хьелаш кхолла деза, шинца а нийсо лело еза..дола дан а деза...»
Зудчо дов даьллачу шинна юккъе коьртара даьккхина йовлакх кхоьсича, маслаIат хуьлуш, цхьана зудчунна дуьхьал ши боьрша стаг вуьйш, еза хиллачу зудчун мах тахана охьабаьлла, аьлча а, охьабаьккхина аьлла хета Азаматна.
Айдамиров: «Вайна хаьа, нохчийн зударий мел къонах хилла бу! ТIом болчу хенахь хийла борша стаг кIелхьара ваьккхинарг зуда юйла хаьа вайна! Цу хенахь ма дацара и хIуманаш.
Шен зудчо ша ара ца ваьккхичхьана, воккха а веш лелла стаг, ткъа тахана гIуллакх тоделача сонта лело боьвлла цхьаболу божарий».
Дайша йийцина тIаьххьара зама ю-те хIара?
Я нохчийн къоман оьздангаллин бехкамаш гIелбаларан билгало?
Бакъду, и тайпачу масалша вайн дайша эзарнаш шерашкахь кхиош, лоруш кху замане схьадеанчу гIиллакхийн, чIагIонийн бух меттах-м боккху.
Башха тергоне эццал хIума а дац хIара-м аьлла хета тарло, амма кхузахь беламе хетарг хIун ду аьлача, «карарчу заманахь вайн къомехь ца товш, ледара йолу амалш дIайохуш, дуьненахь а нохчийн къоман сий айдарца кхоьллинчу» «Синмехаллаш» проект дIахьочо шегара ишта масал кегийрхойшна гайтар.
Гарехь, эрна баьхна хилла вайн дай! Я баха а баьхний-те уьш?
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832