Кхаа декъах ши дакъа Оьрсийчура бахархой бу 2018-чу шарахь хан чекхяьлча а Путин Владимир юха а президент хила лууш. И терахь оццул доккха хилла дац 2012-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна.
Иза гойтуш бу Левада-центро бина таллам. Диъ шо хьалха Путин 2018-чу шарахь а президент хила лууш бара 34 процент бахархой.
2014-чу шарахь уьш алсамбевлира шозза сов, билгалдоккху социологаша.