Кхаарийн Iуьйранна Европерчу нохчашлахь баьржинарг санна хаза кхаъ наггахь бен ца нисло, къаьстина доьзалш вовшашкъастарца доьзначу хьелашкахь.
Францехь ГIадужу бутт бовш цхьана нохчийн дегара-ненера Iедалхоша дIадаьхна хилла 5 бер кхелан сацамца цIехьадерзийна, доьзал вовшах а тухуш.
Хьалхехьо Маршо Радионо дийцина ма-хиллара, Францерчу Ницца гIалахь бехачу ЭскаевгIеран доьзалера пхи бер дIадаккхар уьш цу махкахь Iен-баха бакъо луш йолу кехаташ а доцуш, тIехула тIе билеташ а доцуш, цIерпоштица Ниццера Париже баха новкъабевллачехь Iедалхошна гучбовлар ду.
ХIетахь некъан кехаташ а, я цхьа а кхин кехаташ а доцуш ворхI стагах лаьтташ болу доьзал шаьш сацийча, билеташ толлуш болчара полице хаам бинера.
Ткъа Ниццера Париже йоьду цIерпошт Каннашкахь сецначех доьзална дуьхьал бевллачу Iедалхошца тассадаларш хиллера ЭскаевгIеран доьзалан ден Iимранан.
Полисхоша берашна Iуналла дечу хьукматан белхахой схьа а кхайкхина, шегара бераш дIадаха гIертийла кхеттачу дас Iедалхошна дуьхьало яр бахьана долуш,иза лаьцна чувоьллинера.
Цу тассаларшкахь дас-нанас а, полисхоша а дIасаийзочу берех цхьаннан церг а йоккхуш, Iоттабаккхам хиллера цигахь.
ШозалгIчу дийнахь набахте цунна тIаьхьа яханчу хIусамнене, цо ша дийцарехь, Iимранна дуьхьал дIахьедар язде аьлла хилла.
Цо ша яздийр дац, ша шу кхеле лур ду аьлча иза а лаьцна, чуйоьллина. Бакъду, хье ца луш, дай-наний набахтера арахийцнера Iедалхоша, царна дуьхьал бехк-талламан гIуллакх схьа а диллина.
Цу дийнахь дуьйна Францехь а, йоллучу Европехь а бехачу вайнахе орца а доьхуш, ЭскаевгIеран берашна гIодан араяьллера цу махкахь бехачу нохчийн диаспора.
Хьалха ваьлла Ниццерчу нохчийн, гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо Магамадов Рамзан а, меттигерчу нохчийн къанойн кхеташонан куьйгалхо Гулаев Заурбек а, цхьа могIа кхин а жигархой а болуш ЭскаевгIарна адвокат а лаьцна, церан гIуллакхана векалла лелийра цара.
Магамадов Рамзана Маршо радиога дийцира шайн кхелехула толам баккха ка муха делира бохучух.
Магамадов Рамзан: „Делан къинхетамца кхелехь адвокато шен болх дика а бира.
Цигахь оьшуш долчу хIуманийн массо а норма кхочушйина хилар а гайтира. Цу берашна юучунна-молчунна а, тIе-кога дохарна а, уьш чудига меттиг хиларна а тIехь кхачамаш бан доьзалан таро яц бохург дара цара цигахь бехкедуьллуш дерг.
Амма иза бакъ ца хилар кхелехула гайта тхан аьтто белира, хIунда аьлча цу доьзална чубаха хIусам а оха Iалашйинера. Кхин долчунна тIехь а гIо динера царна. Дела реза хуьйла царна орцах мел ваьллачунна.
ХIинца и бераш цIадерзийна цу гIуллакхан хьалхара этап чекхйаьлла тхан. ШозлагIа этапехь и да-нана Iедална дуьхьало еш ца хилар тIечIагIдан дезаш ду тхо кхелехула, тIаьхьлонна а царна новкъарло ца хилийта“.
Цу юкъана Европерчу кхечу пачхьалкхашкахь иттанашкахь бу нохчийн доьзалш, шайгара бераш Iедалан хьукматхоша дIадаьхна, уьш цIадерзаре сатуьйсуш.
Иштта тIаьхьара ишттачарех цIахь а, арахь а бехачу нохчашлахь гIардаьллера Норвегерчу АбдулаевгIеран ИбрахIиман, Раисин гIуллакх. Шайн берашна кхоччуш Iуналла ца до бохучу шеконашца Iедало 4 бер дIадаьккхина цаьргара лахьан беттан хьалхарчу деношкахь.
Цкъачунна и бераш дега-нене юхаделла дац, шишша цхьана доьзале а луш, меттигерчу доьзалшкахь дIатардина ду. Ткъа лахарчу инстанцин кхело сацам бина, АбдулаевгIаьрга Iимранига а, Раисига а шайн бераш кIиранахь цкъа гайта.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832