ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лан а ма лойла, биса а ма буьсийла хIара мотт..."


Кхо шо а ду Нохчийчохь шуьйрачу хааминй гIирсашкахь нийсаяздарна тIехь терго латоран комисси кхоьллина, цо болх болийна.

Оцу боламан коьртехь ву махкахь нохчийн маттахь арадолучу цхьаъ бен доцучу «Даймохк» газетан редакторан гIовс, 40 шарахь нохчийн мотт толлуш, шорбеш жигараллица къахьоьгу Дадаев Сайд-Хьасан.

Цуьнца цхьана Iилманчаш, хьехархой, яздархой.

Оцу хеначохь комиссин декъашхой кхиина дукха заманахь дуьйнна дIатесна, оьрсаша йохху беттанинй цIерашка ерзийна рузма нохчийн маттахь юха ден а йина, араяккха.

Иштта махкарчу яртийн, кIоштийн, гIаланийн, хьукматийн, урхаллийн цIераш, Иорданехь бехачу нохчех дага а буьйлуш, Iилманчийн Алироев ИбрахIиман, Хасиев Сайд-Мохьмадан, Мациев Ахьмадан гочдарех пайда а оьцуш кхоьллина шаьш элира комиссин хьлаханчас Дадаев Сайд-Мохьмада Маршо Радиоца хиллачу къамелехь.

Кху деношкахь юха а комиссин талламчаша журналисташна лерина юкъараллехь пайдаоьцучу цхьадолчу дешнийн нийсаяздаран рогIера кеп зорбане яьккхина.

Цуьнан чулацам боьвзинчул тIаьхьа, цхьацца цакхетамаш бийцаребеш, зIе тесира оха Дадаев Сайд-Хьасанца. Иштта дара тхан говзанчаца хилла къамел.

Вайн журналисташа бийца безарг цIена нохчийн литературан мотт бу

Дадаев: «Хааминй гIирсашкахь нохчийн мотт нийса бийцарна тIехь терго латторан комисси ю хIара, зорбан министраллан омраца кхоьллина.

ХIора баттахь дIахьош кхеташо а ю оха. Цигахь оха дийцаредийриг, масала, цхьана шина Радион передача схьа а оьций, цигахь дуьлуьйтучу, грамматикан хилла ца Iаш, диалекташца а долчу гIалатийн дийцаредо.

Вайн журналисташа бийца безарг цIена нохчийн литературан мотт бу, амма дукхахболчара дукха гIалаташ дуьйлуьйту. БIе сов дош нийсаяздаран бакъонаш ма ю вайн. Оцу гурашчуьра а бевлла, кхоьллина дош хуьлу, я шайггара галдаьккхина хуьлу».

Сингаттам латтабо шен ненан мотт коьрта цалоручара маттаца уьйрашкахь болучаьргахь.

Къайле яц, шайн яртийн цIераш ворхIе а дас ма яххара, нохчийн маттахь лелорийш кIезиг хиларан.

Делахь а социалан машанехь дуккхаъчара, догреза тIеэцна нохчийн меттан саготта болчу охIланийн белхаш.

Амма мел хан оьшу и цIераш адамийн матте а, коьрте а ерза, хууш дац.

Наггахь бен телехьожийлех пайда оьцуш вац Iилманча, филологин доктор Вагапов Iаьрби.

Мел пайдаоьцу меттигерчу хаамийн гIирсаша комиссино зорбанашкахь яржийначу дешнаш нийсаяздаран кепех, аьлла хаьттира Маршо Радионо лингвисте Вагапов Iаьрбига.

Билгалдоккху, ша Вагапов оцу комиссех воьзна цахилар, амма цара бечу белхах кIезиг делахь а, хаарш ду цуьнан.

ДIаггара хийцамаш бац нохчийн мотт бийцарехь

Вагапов: «Со наггахь бен ца хьожу телехьожийле. Я хьаьжча а, нохчийн маттахь башха къамелаш деш а ца хуьлу цу чохь.

Амма вуьшта аьлча, кхи дIаггара, гуш хийцамаш бац нохчийн мотт нийса бийцарехь.

Шира дешнаш юха дендешший, масала, беттанийн цIерашший, Iаьрбойн маттера цхьадолу дешнаш тIеоьцушший белхаш бо цара.

Хийцамаш бац ала йиш яц. Амма ас дуьйцург хIун ду, хIинца хаамийн гIирсаш аьлча, тоххара Советан заманахь чIогIа маьIне хIума дара и, ладугIушший, цхьа статья язъешшехь, стаг я балхара вохавора, я доьвне озавора. ХIинца цхьанна а бен а дац, ахь хIуъа а йийцича а.

Нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хила беза, белхан мотт хила беза. Нохчийн матте юьхьанцара школаш яха дезара.

Ас далош цхьа масал ду, лоьро товеш стаг ву, уггар тоьлларш иза толун волу молханаш доллушехь, уьш а ца луш, царел лахарниш, товелла а ца волуш, я велла дIа а ца волуш, и молханаш ду-кх цхьаболучара лелош. И вайн маттаца лелориг изза хета суна».

Нохчаллах лаьцна даккхий хабарш а дуьйцуш, дийнна шарахь цкъа цуьнан сийнна тойнаш хIиттош, амма нохчий, нохчаллах, маттах боху хIуманаш тIех дукха даьржина лела Нохчийчохь.

Шен къамелехь Вагапов Iаьрбис билгал ма даккхара, лахдеш, хедош лаьтта нохчийн меттан доьшийлашкахь сахьташ а.

Дац нохчийн маттахь йозанаш я урамашкахь а, я хIусамашкахь а.

Гарехь, нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хиларан тоьшалла цхьана Конституцин тIехь болчу могIано бен ца до.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG