ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело гIуда тоьхна Нидерландийн политикана Вилдерсана


Нидерландаш -- Гирт Вилдерс (Geert Wilders) кхелехь, Лахьан-бутт, 23, 2016
Нидерландаш -- Гирт Вилдерс (Geert Wilders) кхелехь, Лахьан-бутт, 23, 2016

Нидерландийн юкъараллахь цабезам кхолларна а, нийсонан бакъо йохорна а бехке вина аьттоагIор партин лидер Герт Вилдерс. Кхело гIуда тоьхна цунна аьлла, хаам бина БиБиСи-но.

Вилдерс суьде веллера 2014-чу шарахь Зазадоккху-баттахь, цо Нидерландашкара арабаха беза мелла а алсам Мароккора мухIажираш аьлла, кхайкхам бинчул тIаьхьа. Вилдерса дийцарехь, иза лууш бу дукхахболу хIолландхой.

Вилдерсан парти дакъалоцуш ю 2017-чу шеран Зазадоккхучу-баттахь хир болчу парламентан харжамашкахь.

Нидерландийн социологаша бинчу талламашца, Вилдерсан партехьа а, премьер-министро Рютте Марка куьйгалла дечу Либералан партехьа а цхьатерра кхаж таса дагахь бу харжамхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG