ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь зулам динчун гергара стаг лаьцна Тунисехь


Террорхой бу аьлла шеконашца 3 стаг лаьцна Тунисехь. Ву цаьрца Берлинехь хIоьттинчу ярмаркехь теракт дарна шеконашкахь кхобучу Амри Анисан уллера гергара жимстаг а. Тунисерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина и хаам.

Амри Анис возучу террорхойн тобан декъашхой бу лецнарш аьлла билгалдоккху Франс-Пресс агенталло. Амрин гергарчу кIанта мукIарло дина, ша Амрица зIене вийлар шифр йозанашца а хуьлура, «Исламан пачхьалкх» тобанца уьйрашкахь а вара ша аьлла. ПIераскандийнахь хаамаш баьржира зорбанехь, ДаIишхойн тобанна Амри Аниса тешаме хила чIагIо йина хиллийла.

Исламхоша интернетехь Iораяьккхинчу видеотIехь дIахьедо, бомбанашца хIаллакбинчу бусулбанашна дуьхьал шаьш бекхам бан Iалашо лаьцна хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG