Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана харцбина Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара когаметта Алаудинов Апти ша балхара дIаваьккхина аьлла баржийна хаам. И хаамаш «даьсса къамелаш» ду аьлла Кадыровс.
Шен Инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо яздина, ша лаккхара мах хадабо Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло терроризмаца дIахьош болчу къийсаман аьлла.
ГIура-беттан 28-чу дийнахь Алаудинов балхара дIаваьккхина аьлла хаам бинера «Новая газето».