ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Яц кхин фамили, Я за рулем"...


ХIюман Райтс Вотч бакъонашларъяран организацино артикл арахецна, Нохчийчохь низамаш талхош хиларх, адамийн бакъонаш цхьана а меха лоруш цахиларх.

Оьрсийчуьра адамийн бакъонех лаьцна дуьйцуш, HRW-н рапортан, даима санна доккха дакъа дIалаьцна Къилбаседа Кавказехь долчу хьоло.

Цуьнан мах хадош, иза хIоттийначара билгалдоккху дIадаьллачу шарахь иза телхина хилла аьлла. HRW-н Москохара декъан программан директор Локшина Татьянас бахарехь, цаьрга дукхачара хоьтту, еккъа цхьана регионехь долу хьал хIунда дуьйцу аш аьлла.

Уггаре а чолхалла йолчу меттигех хIоттайо и рапорт, ткъа Къилбаседа Кавказ царех ю, элира цо Маршо Радиога йистхуьлуш.

Нохчийчохь чIогIа Iаткъам бо

Локшина: «Суна дуьххьара билгалдаккха луур дара, и рапорт цхьана темех, еккъа КъилбаСеда Кавказерачу адамийн бакъонех кечдина доцийла.

Иза хIора шарахь HRW цIе йолчу дуьненаюккъерачу адамийн бакъонашларъяран цхьанатохаралло 90 пачхьалкхехь долчу хьолех хIоттийна рапорт ю.

ХIора пачхьалкхан лерина массийта агIо бен яц. Тхуна кхаьчначу агIонашна юккъе оха дахийтина, Оьрсийчохь тIе тидам бахийта деза аьлла хеташ долу хIума. Нохчийчоьнах лаьцна аьлча, чIогIа Iаткъам беш бу цигахь, Iедална резабоцучарна.

Цара шуьйра даьржина ца дийцина и къамелаш. Социалан машанехь къевлинчу тобаннашкахь вовшех шайна хетарг дийциначарна а Iаткъам бина».

HRW кечдинчу рапортан Къилбаседа Кавказан регионех, уггаре а дукха юьйцург Нохчийчоь ю. Бакъонашларъярхоша тидам бо, Iедална реза воцуш хIума аьллачарна Iаткъам беш хиларх. Цуьнах иштта элира Локшина Татьянас.

Лелашдерг Рамзанан дош

Локшина: «Нохчийчоь Къилбаседа Кавказан юккъехь ша-тайпа регион ю. Цигахь иттех шо ду Оьрсийчоьнан низамаш а, Конституци а, дуьненаюккъера бакъонаша а болх ца бо.

Лелаш дерг ду: Рамзана аьлла дош. Цо телехьожийлехь къамел деш олу дан дезарг а, ца дезарг а. Иза низам ду. Оцу зил тIера ваьллачунна Iаткъам а бо».

Къиласеда Кавказехь, уггаре а кIоршме хьал дерг, HRW цхьанатохарална хеттарехь цхьа Нохчийчоь хилла Iаш яц. Дагестанехь а шортта чолхаллаш ду, аьлла кхин дIа а дийцира и рапорт кечйнчу бакъонашларъярхочо Локшина Татьянас.

Маьршчу нахана "вахабисташ" олу

Локшина: «Къилбаседа Кавказера кхийолчу регионех лаьцна аьлча, ша-тайпа меттиг дIалоцу Дагестана а. Динан радикалийн а, ницкъаллийн структурийн тIеман тасадаларш а ду. ЧIогIа кIоршаме Iаткъам беш бу меттигерачу салафиташна а.

Царех маьрша берш а бехке бо, уьш вахабисташ бу бохуш, цара низам дохош хIума дина ца хилар тидаме а ца оьцуш».

HRW-н рапортан тIехь, Нохчийчоь юьйцуш, йоккха меттиг дIалоцу, дешан маршонна мах хадоро. Гериев Жалавдин тIехь дIаяхьанчу кхело гойту, иза муьлхачу хьолехь ю, аьлла кхиин дIа а дийцира Локшина Татьянас.

Локшина: «Журналисташна Iаткъам барх лаьцна аьлча, кхузахь билгалдаккха деза, хьалхарчу меттехь Нохчийчоь хиларх.

ТIелатарш а, кхерамаш а хилла царна. Шун ладогIархошна хууш хир ду, «Кавказский узел» сайтаца болх беш хилла аьлла, наркотикаш лелийна аьлла, боцу бехк тIе а кхоьллина 3 шарна чувоьллина ву, 23 шо долу журналист».

HRW дуьненаюккъера цхьанатохаралло кечдинчу рапортатIехь, Къилбаседа Кавказера кхийолу регионаш а хьахош ю, адамийн бакъонашца хьал башха дика ца хиларца.

Доккхачу декъанна, уьш доьзна ду, заьIап нехан а, божаршкара Iаткъам хуьлучу зударийн а йохочу бакъонашца.

Иштта билгаладоккху цу тIехь, Бесланера террактехь зен хиллачеран бакъонаш а йохош ю аьлла.

Хьахадо, царех дийца баьхкинчу журналисташна а Iедалша новкъарлонаш йина аьлла. Оьрсийчоьнан Iедалшна Къилбаседа Кавказехь доллу хьал ца хууш дац. Царна, схьагарехь мегаш долчух тера ду, и гIуллакх иштта латтар, аьлла билгалдаьккхина Локшина Татьянас.

Кремлехь дерриг хууш ду

Локшина: «Меттигера цхьа а куьйгалхо, Кадыров а тIехь, шен ма лаьа, федералан центре а ца хьоьжуш болх бан йиш йолуш вац. Иштта и гIуллакх лаьтта дикка хан ю. Цхьа а шеко йоцуш Кремлехь долу хьал хууш ду. Амма цунна хIумма а хийца лууш дац».

HRW дуьненаюккъерачу адамийн бакъонашкахула цхьанатохаралло хIора шарахь кечдечу рапорташна тIаьххье догIуш хуьлу, чолхаллаш гучуевлачу пачхьалкхаша иза даимма емал еш.

ХIора шарахь хуьлу иштта. Цкъачунна Оьрсийчоьнан Iедало цунна комментари ца йина.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG