Кавказ Реалии журналисто Меренкова Любовс масех де хьалха интервьюу ийцира Iарбойн политикера Ичкерин хиллачу куьйгалхойх а, Кадыров Рамзанах а. Ас гоч а дина, бовзуьйту шуна цу артиклан чулацам.
КхоолгIачу цIарх стеган цIе хьахоран доккха маьIан ду цуьнах лаьцначу юкъараллин йолчу ойланах.Iарбойн пачхьалкхашкахь кест-кеста йоху нохчийн куьйгалхойн цIерш – йозуш йоцучу хиллачу Ичкерин президентийн цIерш а, таханлерчу Нохчийчоьнан куьйгалхойн а. Масала, цара баккхийбеш дуьйцу 2004-чу шарахь вийнчу Яндарбиев Зелимхах, цо 1996-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентца Елцин Борисца къамелаш дIахьочу хенахь доьналла гайтарна. Цуьнан цIе дукха хьолахь 'Зеламх' олий йоккху цара.Ткъа Рамзан Кадыров царна Кадыров санна вевза. Цунна реза боцуш Iарбойн блогерша цунах ца бешаш “Путинан тайниг” олу. Цуьнца цхьаьна Iарбойн твиттерехь “Путинан мачаш” олу.
Оха хаьттира Шемарчу оппозицин жигархочуьнга а, политологе а Махмуд-ал-Хьамзига, Iарбойн махкашкахь Нохчийчуьра хьал муха туьду аьлла.
Хьуна муха хета Путинна маца оьшур вац Кадыров? Кхечу дешнашца аьлча, хIун хила деза Путино Кадыров балхара дIаваккха, иза садаIийта хьажо?
- Суна схьахетарехь Путино ша валла а волуш дIатосур вац Кадыров, хIунда аьлча цул муьтахь а, ладугIу а, эсал а шена хьалхара лела стаг цунна нохчашлахь карор воцу дела.
- Нохчийчоьнан муха куьйгалхо оьшу – возуш воцу, дан дезарг хIун ду а хууш стаг, я “Путина” мел бохург шеконе ца дуьллуш кхочушдийриг?
- Шен къам дезаш патриот оьшу. Ас ца боху иза Путинна дуьхьал хила веза, амма цуьнца бийца мотт каро беза. Шен къам а лоруш, Оьрсийчоьнан Iедална дуьхьал а воцуш хила веза. Амма ма-дарра аьлча, цо адамийн бакъонаш талхайо- суна хезна, ас еша а йоьшу, иза кхечу режимийн санна диктатор ву. Цулле а, шен къам цо ларахьара, адамийн бакъонаш а ларъяхьара, демократи а кхияхьара, дика хир дара. Суна хеза цунна бусалба ю боху авторитаре режимаш дукха еза. Цо, ойла ца еш, тайп-тайпа кхайкхамаш бо. Шен къам ца ларар – уггар доккха сакхт ду.
- Нагахь санна Кадыровх а, 90-чу шерашкахь хилла Нохчийчоьнан Кремлига шайна хетарг дIаолуш, цунах дIакъаста а лууш хиллачу куьйгалхойх аьлча, мила алсам лору Iарбойн пачхьалкхашкахь – Кадыров я уьш?
Нохчийчоьнах къамел хьахаделча, царна шеко йоцуш уьш дагабогIу. Нохчийчохь хилла тIом массарна бевза аьлча нийса хир дац. Амма наха цхьана хIуман дуьхьа къийсам латтийначу нахе озабезам алсам бо. Ас шуьга ма-дарра эр ду шуна – дукхах болчу Iарбоша къобал ца йо Оьрсийчоьно лелон политик. Шемарчу тIамана юкъагIоьртинчул тIаьхьа цо шена дукха мостагIий кхоьллина. Ма-дарра аьлча, Оьрсийчоь ю тахана Асад Башар куьйгаллехь латториг. Оьрсийчоь юкъа ца гIоьртнехьара, иза дIаваьккхина хир вара. Цу Шемарчу къизачу цIийнах юьзначу режимах тхо девлла хир дара.
- Цу хенахь, 90-чу шерашкахь Iарбоша муха тIеийцира Нохчийчоьно шен маршо дIакхайкхор? Цара къобалдорий и?
ХIаъ, къобалдора. Iарбоша къобалдора, бусалбачара къобалдора. Ма-дарра аьлча, цигара къийсам динца ийра, цигахь дерг чолхе хьал ду, къомана маршо яккхарал сов. Амма къоман къийсамах аьлча, къоман боламах аьлча, дер нах къобал ма дора.
- Iарбойн махкашкахь Нохчийчоьно маршо дIакхайкхорна, Iарбойн пачхьалкхаша Османийн империх маршо дIакхайкхорна юкъахь а пареллелаш гой тIаккха?
- Го, дера, цигахь францхоша а, ингалхоша а Iарбой Iехийнехь а. Цара Османийн империна дуьхьал болчу къийсамехь “тхуна гIодайша”, ткъа оха шун йозуш йоцу пачхьалкхаш къобалйийр ю, аьлла дехар дира. Османийн импери йоьханчул тIаьхьа, ингалхоша а, францхоша а шайна юкъахь йийкъира Iарбойн пачхьалкхаш, царна цхьа а маршо ца елира.
- Дуьхьара йозушйоцу Нохчийчоьнан президенташ а, Кадыров а цхьана махкахь кхиина, нохчийн ламасташца. Хьуна уьш вовшах къаьсташ бу аьлла хIунда хета: цхьана агIор, бозуш боцу кавказхойн ламасташца догIу доьналлин политакаш, ткъа вукха агIор – “Путинан тайниг” олург ву, цо аьлларг дан кийча, ша аьлча, шарI а, Iадат а дохош. ХIунда ю ишта башхалла?
- Хетарехь, муьлхачу къомана юкъахь хир бу ишта нах, шайна бен пайда ца лоьхуш. Кадыров а ву ишта стаг, со цуьнца масийттаза цхьаьнакхетта. Цуьнан хьашташ а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан хьашташ а цхьаьнадогIуш ду. Цара цуьнга аьлла: ахь тхан косташ кхочушдийр ду, ткъа оха хьуна ахча а, дарж а, бахам а лур бу.
- Цуьнан хьашташ Оьрсийчоьнан хьашташца цхьаьнадарх, Нохчийн къоман хьашташ ма ца хуьлу царах. Нах цунна дуьхьалбовларан метта, хIунда бу цунна муьттахь?
- Суна схьахетарехь, ши тIом чекхбаьллчул тIаьхьа цигара нах хIинца кIадбелла. Хан оьшу маршонна ойла юха а тIеяхийта, шайн дог-ойла дIаевзийта а. Ма-дарра аьлча, Шемахь ялх шо а даьлла наха тIом бо, маршо къуьйсу а, царна хьаьхна и тIом. Цигахь а бу “тхо режимца хир ду” боху нах, уьш кIадбелла. Ша-тайпа хьелашь оьшу, маршонан байракх юха а хьалаайъян а, сийн дуьхьа къийсам дIабахьа а.
- Нохчийчоьнах маьрша пачхьалкх хуьлийла а дуй тIакха? ХIун оьшу цу Iалашоне кхача?
- Суна схьахетарехь Нохчийчохь йолу проблема ерриг Оьрсийчохь а ю. Нагахь санна юкъара баланаш листахь, тIаккха кхечу субъекташна а цхьа пайда хила тарло. Оьрсийчохь массара а йуьйцуш дукха ю юкъара проблемаш. Уьш ю демократих а, адамийн бакъонех а, экономиках а, кхечу пачхьалкхашца йолчу юкъаметтигех а йоьзна, - массанхьахь гIоьртина хьал ду: Оьрсийчоь Шема а, Украине а юкъагIертар. Суна хетарехь, Нохчийчоьнан проблема, нагахь санна церан маршоне сатийсам белахь, цаьрга шайга цхьаьнга листалур яц. Иза инзаре хала ду. Цхьа ша-тайпа нохчашна гIодан тарлун дуьненаюкъара хьал ду оьшург. Оьрсийчоьно Кавказ цхьанна а дIалур яц, хIунда аьлча, и цуьнан геополитикан хьаштийн территори ю.
- Аллепохь хилла сценарий хила кхерам буй техьа Кавказехь а: Оьрсийчоь реза хир юй техьа гIаттамхойн тобанаш кхоллалахь, царах Оьрсийчоь цIанъян?
- Цара хIинцале дина изза Соьлж-ГIалахь. Суна схьахетарехь цхьанхьа гIаттамаш а, протесташ а хилахь, Оьрсийчоьнно уьш къинхетам боцуш охьатаIор ю Нохчийчохь а, кхечу Оьрсийчоьнан гIалашкахь а. Иштачух ойла ян хала ду, гIоли ду- маьрша хийцамашка сатийса. Я цIий Iенар ду.
- Ткъа маьрша хийцамаш хилийта хIун оьшу?
Юкъараллехь демократи кхио еза, ишта кхетам болу нах цхьаьнатоха беза. ХIинца дукхахболчу нехан дахаран хьелаш а телхаш ду, церан бакъонаш йохош а ю. Цундела, наха шайн бакъонашна тIехIитта беза. Цу Iалашоне кхача ницкъах пайда эца ца беза. Ницкъах пайда эца гIортахь, цунах гIуллакх хир дац. Оьрсийчоь санна йолчу пачхьалкхехь маьрша некъахула бен хIума дан мегар дац. Ницкъахой чIогIа ницкъ болуш бу цигахь.
- ГIерта-м гIерта цигара нах, амма Iедална дуьхьал вистхила гIоьртича, цуьнан бохаме жамI хуьлу (ша аьлча, Джалалдиновна хилларг- Кадыровна дуьхьал вистхилла аьлла, иза юьртара а ваьккхина, цуьнан хьусам ягийра. Ишта хьелашкахь муха кхиайо юкъараллехь демократи?
- И хала ду. Цигахь дуккха а нах байина.
- Цу кепара Iаткъам хIора шарахь чIагIлуш бу. Нах кхерош бу. Мел лаьттар ду ишта хьал?
- Кхерар вон хIума ду. Шемахь нах 40 шарахь Iийра Iедалах а кхоьруш, амма юха цIеххьана шадерг иккхира, хIинца нах цхьанна а хIуманах ца кхоьру. Нах бала а кийча бу. Цундела, хьелаш кхиа деза. Иза маца хир ду Далла бен ца хаьа.
- Оьрсийчохь а хир ду изза?
- Эккхийтар Iаткъаман бахьанехь хуьлу. Ахь чIогIах тIе мел теIи а, Iаткъам чIагIа ма бели, эккхийтар хуьлу. Изза юкъараллехь а хуьлу.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832