Трамп Доналда пIераскан сарахь дуьйна официале тIеэцна шен декхарш. Вашингтонехь даккхийчу даздаршца цуьнан инаугураци хиллачул тIаьхьа Цхьаьнатоьхначу Штатийн 45-гIа президент ву иза. Хетарехь, иза ву иштта шел хьалха хиллачу 44 президентал массарал а скандале а, тергамхойн цуьнгара хIун дер ду я цо хIун дийр ду ца хууш садууш волу президент а. ХIинцале а амма аналисташа чIагIдо, Трампа вовшахтоьхна урхаллин тоба Iамеркан керлачу исторехь уггаре а гIийлаерг ю бохуш. Иштта The American Prospect газетин колумнахочо Уолдмана Пола Вашингтон Пост газетехь яздо, Трампан министрийн кабинет „цхьа а зеделларг доцучу, шайн белхан Iалашонашца гамо йолчу, этикан проблемаш йолчу нехан коктейл ю. Ткъа иштта цхьа а масала доцучу Iовдаллалех а лаьтташ ю иза“, - бохуш. „Ма-дарра дийцича, иза Iамеркан исторехь уггаре а вон кабинет хилла дIахIоттаре доьдуш ду гIуллакх“ - иштта яздо цо шен артиклехь. „Цкъа а цхьанна а Iамеркан президенто вовшах ца тоьхнера сел дукха цу кепара квалификаци йоцучу нахах лаьтташ йолу тоба“, - аьлла тешна ву иза. Кхузахь хьахон догIу, ша Трамп Доналд шен тобанах вуно чIогIа бIобулуш хилар. ХьастагIа цо шен рогIерчу цхьана интервьюхь шен Iедалехь гIовгIане дIахьедар дира, шен урхалла дуьненчохь уггаре а лакхара АйКью, аьлча а, хьекъал долчу нахах лаьтташ ю, аьлла.
The New York Times газетано шен рогIехь карладоккху, Трамп Доналдан урхаллин цхьаццаболу декъашхой шаьшна дуьхьал схьадиллина бехкталламан гIуллакхаш долуш хилар. И зуламан гIуллакхаш Трампан а, цуьнан накъостийн а Кремлаца мел гергара уьйраш ю бохург таллархьама схьадиллина ду. Газетано чIагIдарехь, цу Iалашонца Трампа харжамийн штабан куьйгалхо Манафорт Пол а, ткъа иштта Трампан шиъ хьехамча Пейдж Картер а, Стоун Роджер а шайн тидаме лаьцна Iамеркан къайлахчу сервисаша а, полисхоша а. Iедалхоша толлуш ду цу нехан белхан а, долара а кехаташ, ткъа иштта цара йина финансийн операцеш а.
Нагахь санна, Трампа шен даржан архаш шен каралаьцначу шолгIачу дийнахь дуьненан пресса цуьнан хьалхара гIулчаш муха хир ю -те бохучунна шайхаллаш деш а елахь, ша керлачу Штатийн президенто шота Iуьйранна гайтина шен политика муха хир ю. Шел хьалха хиллачу президента Обама Баракъа сел хала юккъеяккхина хиллачу могашаллин реформина дуьхьал лерина декрет арахецарца болийна цо шен болх. Харжамийн кампани ша дIахьочу муьрехь даима а критика еш яра Трампа Обамас йина могашаллин реформа – дуккхачу тергамхошна хетарехь, Iамеркан чоьхьарчу политикехь Обамин коьрта толам а, кхиам а хилла дIахIоьттина йолу. ХIинца шен хьалхарчу декретаца Трампа и реформа юханехьа ерзорехь дуьхьара гIулч яьккхина.
Цу юкъана Iамеркал арахь, хетарехь, уггаре а чIогIох Трапм харжарх кхаъ хиллачу пачхьалкхахь Оьрсийчохь, хетарехь, жим-жима алсам йолуш ю Трампах догмовллала. Иштта, хIинцачул ши кIира хьалха ка ма доллу сихха Путин Владимиран, Трамп Доналдан цхьаьнакхетар кечдан деза баьхначу Оьрсийчоьнан президента пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс хIинца, Трампан инаугураци дIаяьллачул тIаьхьа БиБиСи агенталлица шен хиллачу къамелехь аьлла, цу цхьаьнакхетаре гергарчу хенахь сатийса ца оьшу, аьлла. „ТIедогIучу кIиранашкахь хир долуш дац иза. Гергарчу беттанашкахь и цхьаьнакхетар хиларе сатуьйсур ду вай“, - элира цо.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832