ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн Фонд: хьенан сагIа... хьанна сагIа?


Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо шена тIелаьцна Шемарчу Алеппо гIалахь тIеман шерашкахь дохийна маьждиг юхадендан а, дех-ненах хеддачу берашна хIусамаш ян а. Хьенан чоьтах? Стенгара даьлла ахча?

2004-чу шарахь, мехкан куьйгалхо Кадыров Ахьмад веллачул тIаьхьа, цуьнан цIарх кхоьллира регионехь фонд, президент Кадырова Аймани а, цуьнан вице-президент Кадырова Медни а хIоттош.

ХIетахь дуьйнна, и фонд уггар а шена чекх са цагойтучех а, барам боцучу миллиардийн а да ю.

Зорбанашкахь болчу хаамашца, махкахь цуьнан чоьтах до уггар а мехал гIуллакхаш: гIишлош, некъаш, хIусамаш тойо, социалан хьелаш ледара долчу нехан Iер-дахар тодо, тIеман конфликташ лаьттачу мехкашка гуманитаран гIо кхачадо, дехьа-сехьара баьхкинчу хьешашна шаннаш хIиттадо, дезачех совгIаташ до, спортхошна а, артисташна а петарш, машенаш ло, ловзарш дерзадо, кхи а масане ду уьш…

Фондо ден гIуллакхаш официалехь кхийкхош ду, хьанна, мел гIо лаьцна, муьлхачу барамашкахь, амма цхьанхьа а хоуьйтуш дац, мила ву и фонд юха хьалаюзург.

Эксперташ, политологаш, тергамчаш, бакъонашларъярхой мел дуьхье кхиа гIертарх а, тахана а билггал хууш дац, муьлш бу и нах, фонд латтораш.

Фонд болх бан йоллаеллачу заманчохь дуьйнна, бахархоша латкъамаш бора, шайн белхан алапаш сецадо, Iедало тIехь йоцу ясакх йоьхуш, хьийзадо шаьш бохуш. Тергамхойн шеконаш кхоллалора хIетахь,

Фондан бухгалтери кегон йолаелира, ша еле хьалха Оьрсийчохь евзаш йолу журналист Политколвская Анна. Цо а бакъдира хIетахь, ца йогIу елаш йоху Iедало балхахь болчаьргара аьлла. Амма Кадыровс бакъ ца дира, ша бахархошкара соьмаш лехьош вац аьлла дIахьедира цо Интерфакс агенталлана еллачу интервьюхь.

«Махкарчу цхьана вахархочунна алапа цунна кхачоччул дIа ца делча, суо дош хетар дацара суна. Нехан белхан алапаш сецорийг суна гергахь я боьрша а вац я бусулба а вац. Сан да вийначул тIаьхьа, сан нанас, тхо дай мел дерг тIе а дахийтина, кхоьллина ю и фонд» аьллера хIетахь Кадыровс.

Дуьненаюкъарчу коррупцица къийсам латточу Transparency International организацино дахначу шарахь шен тептаре яьккхинера коррупци лелайо аьлла Кадыровн фонд.

Амма хIетте а, преесехь мел йоккха гIовгIа яларх а фондо тахханалц Iора ца яьккхина я шен бакъонийн гулам (устав) я ахча дIасахьежоран чот а.

Ткъа Оьрсийчоьнан низамаша доьхку регионашкарчу фондашна иштта къайленехь латтор финансийн хьал.

Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Шемарчу Алеппо гIала вахийтинера Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь а, Делимханов Адам а.

Оцу визитан Iалашо яра, Шемин куьйгалле Алеппо гIала юхаметтахIотторехь Кадыровс ша гIо дан кийча хиларх дIахаийтар, гIалахь динчу зенийн бараман мах хадор а.

Шинарийдинахь Инстаграмерчу шен агIонтIехь Кадыров Рамзана яздо: «Сан кост эцна Шемарчу Алеппо гIала ваханчуьра юхавирзина муфтий Межиев Салахь а, Делимханов Адам а.

Шемин президентан вешица, инарлица Асад Махтерца а, гоьбевллачу Iеламчашца а, Демаьшкерчу университетан хьехархошца а, студенташца а, Алеппон губернаторца а, оьрсийн эскархошца а цхьанакхетар нисделла цушиннан.

Межиев Салахьа дийцарехь, террорхоша дохийна дуьненна а бевза имамаш, эвлияаш дIабоьхкина Алеппора зиярташ, шира маьждигаш. Боккхачу лазамца хьахийра цара I300 шо хьалха дина, «Иблисан пачхьалкхан» тобанаша кхо шо хьалха эккхийтина шира Масджид ал-Умайя би Хьалаб маьждиг.

Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо сацам тIеэцна, Алеппохь и маьждиг юхадендан а, цигахь а, Демаьшкахь а тIеман шерашкахь дех-ненах хедда дисинчу берашна лерина хIусамаш ян а».

И хаам социалан машанашкахь а, зорбанашкахь а баьржинчул тIаьхьа, юха а айдина Кадыровн цIарахчу фондан гонах а, Кадыров Рамзана динчу дIахьедарх а дийцарш бахархоша а, тергамчаша а.

Цхьа дакъа саготта ду, ишта а, кху баттахь дIаяьхьначу хIорашеран «Национальная пятерка» музыкин конкурсехь тоьллачу иллиалархошна совгIаташ деш лахделла фондан бохча дуза шайн кисана Iедал гIорторна кхоьруш.

Вукхарна хетарехь, лаа дац Нохчийчоьнан куьйгалхо Шема кхийдар. Царна хетарехь, Кремл ю Кадыров тоьттуш ерг, дуьненна хьалха сурт хIотторхьама, бусулба къаьмнинй гIайгIа-бала а болуш, лидер ву иза алийта.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG