Хиджаб лелорна дуьхьаляьллачу Оьрсийчоьнан дешаран министро Васильева Ольгас дуьйцучух ша кхеташ ца хилар хаийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Йовлакхаш ца дийцича а, дуккха а проблемаш ю аьлла хета цунна школашкахь.
"Со тешна ву, йовлакхех лаьцна тема цхьана наха леррина Iалашонца хьехош хиларх, школехь йолчу проблемашна тIера вайн тидам дIабаккха",- яздина Кадыровс шен Инстаграмехь, хаам бо Грозный-информ агенталло.
Оьрсийчура школашкахь наркомани а, маларш мелар а, зуламаш дар а, хьехархоша берашна тIе эвхьазаллица куьйгаш кхийдор а даьржина аьлла хета Кадыровна. Цу поблемаша синтем байа беза аьлла хета цунна хиджабашца тIом беш болчу нехан.