Чиллан-беттан хьалхарчу дийнахь доллу дуьнено а билгалдоккху шена гонах луьра къийсам цхьана агIор, вукху агIор, цакхетам латточу хиджабан де.
И де дIакхайкхийна кхо шо бен зама яцахь а, цунна гонах гуллучийн терахь шо шаре кхуьуш ду.
Масала, дахначу шарахь, 116 дуьненчуьрчу пачхьалкхашкарчу 10 миллион зудчо оцу денна леринчу кеп-кепарчу барамашкахь дакъалецира.
Цкъа делахь, шатайпа ю и де юкъадаккхаран истори а.
Юьхь йолийнарг ю Бангладешера схьаяьлла, Iамеркахь еха бусулба йоI Кхан Назма.
Ша кхиазхо йолчу шерашкахь дезна цуьнан, ша йина Бангладеш дIа а тесна, шен деца-ненаца Iамерке а еана, цигахь керла дахар доло
Дукха жимчохь дуьйнна хиджаб лелочу Назмина шен нийсархошкара дуккха а халонаш, дегабаамаш, цакхетамаш лан дийзира керлачу меттигехь.
Школера яьллачул тIаьхьа университетете деша яхара Назма, амма тIаккха а хIуммаъ хийца ца делира хьал.
Гонахарчу студентийн шех кхардар, цул тIаьхьа церан шех къехкар, и дерриг шерашкахь шен кийрахь хуьйдинчу йоьIан Iалашо кхоллало, доллу дуьненна а дIадийца, хиджабан цIеналла, сийлалла, цуьнан сийдан дезар а хоуьйтуш.
Хьалхара гIулч яьккхира Назмас, интернетехь сайт йоьллий.
Цигахь зорбане доху Назмас кеп-кепара башхачу фасонехь тегначу хиджабийн суьрташ, цуьнан мехаллин, хазаллин, йозаллин тоьшаллаш далош, хIораннах лаьцна дийцар а яздеш.
Дуьненан массо а маьIIерачу зудабершкара кехаташ даьхкира хIетахь Назме, цуьнан агIо лаьцна. Цара а балхабора шайн бала, хиджаб лелор бахьанехь гонахарчу адамашкара шайна хуьлучу тIеIаткъамах, цхьацца йолчу хиджаб ца лелочу пачхьалкхашкахь дIа-схьа леларца маршо цахиларх а.
Иштта кхолладелла хиджабан де.
Хенара дацахь а и де, даьржина хIинцале а Оьрсийчохь а.
Дахначу шерашкахь а, кху деношкахь а дукха зудабераша дакъалоцу регионашкарчу ораганизацеша вовшахъеттачу акцешкахь.
Цигахь гулбеллачарна дуьйцу, мел деза ду зудчун сий, дегI хьулдар, коьртахь мас ца гойтуш йовлакх леладар.
Гулбеллачарна дIасадоькъу даккхийн йовлакхаш, хьоьхура гайтарца, уьш муха дIатохку. Дуьххьара хиджаб тIеюха сацам хиллачу мехкаршна совгIатна ло дерриг бусулба духар.
ХIара масех шо а ду Нохчийчохь «Иман» организаци кхоьллина. Цу юкъараллан декъашхоша масех де а ду, кху денна кечамаш беш, шайн сайтехь болх жигара баьккхина.
Шайн сайтатIехь информаци латтийра цара масех дийнахь а, бусулба йижаршка кхайкхам беш. «Лараме йижарий! Нагахь санна, Делан дуьхьа хиджаб тIеюха лерина шу делахь, оха тхайн юкъараллан цIарх совгIатна доллу духар дур ду шуна» аьлла.
Иштта цхьа могIа цхьанакхетарш дIадаьхьира тобанерчу зудабераша гIалин, кIоштийн школашкахь лаккхарчу классийн дешархошца.
Цара дийцаредо хиджабо зудчун цIеналла, сий, къонахалла билгал а йоккхуш, зудаберан мах лакха боккхуш хилар.
Иштта, хийрачу божаберийн бIаьргах лардалархьама а лелон йогIу хиджаб аьлла хета «Иманан» жигархошна.
Оцу акцица шайгара гIо кхочур ду аьлла тешна бу «Иман» клубера зудабераш, цхьайолчу регионашкарчу школашкахь хиджаб лелор дехкар бахьанехь, таро йоьхначу дешархошна а, хиджаб бахьанехь юкъараллехь боьхна машар юхаметтахIотторехь а.
Хууш ма хиллара, къаьсттина тIаьххьарчу хенахь иръелла конфликт Исламан дин лелочарна а, суьпаллехь сов ца буьйлучарна а юкъахь.
Ткъа дуьненчуьра эксперташа тидаме эцарехь, дин бахьанехь халкъ дискриминаци кIел дахьаро юкъараллехь конфликт чIагIйо.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832