Ши шо гергга хан ю ГIезалойчуьрчу Набережные-Челны гIалахь дуьххьарлера бэби-бокс дIахIоттийна.
Оццу шарахь Чиллан-баттахь Казанерчу цхьанан дарбан цIийнан кертах оьллинчу тIоьрмигчохь гIорийна делла, хIинцца дуьненчу даьлла бер карийнера.
Цул тIаьхьа Набережные-Челны гIаларчу юкъараллан жигархоша Iедале дехар дира махкахь бэби-бокс схьаелла пурба доьхуш.
Оцу юкъанна, кхечу юкъаралхойн тобано дов хьедира дуьхьало ярца берийн яьшка шайн пачхьалкхехь хIоттаяйта. Цара бахарехь, бэби-бокс хIотторо мекха тосу къоман оьздангаллин мехаллашна тIе.
Делахь а, Талламан комитето гIортрр а еш дIахIоттийра ГIезалойчохь совдоьвлла бераш чу дохку гIутакх.
КIира хьалха дуьххьара бер тесна оцу яьшки чу.
Чилла хIоьттинчу Iаьнан буса хIинцца дуьненчу даьллачу, бэби-бокс чу охьадиллинчу беран дахарна цхьана а кепара зен ца хуьлуш, могуш-маьрша лоьрийн кара кхаьчна, дуьххьал дIа и берийн хIусам куьг тIекхоччахь хилар бахьанехь.
Ткъа хIун ю-те бэби-бокс? Масала, Италехь «дахаран ага» олу цуьнах, Германехь «берийн гIутакх», Японехь «берийн почта», Китайхь «бераш кIелхьарадахаран гIайре» олу.
Мухха цIе цунна тиллахь а, ма-дарра аьлча, дена-нанна ца оьшуш, са ца туьйсуш, къайлах дуьненчу дуьйлучу берийн «шийла» хIусам ю-кх и.
Доккхачу декъанна, дуьненчу довлу бераш схьаоьцучу хIусамашна герггахь хIиттайо и яьшканаш.
Яц царна гонах видеотергоян хIоттийна камераш, дац цхьана а кепара деш ха а. Ойла тилкхаза яьлла, бэби-боксах шен бер тешо еанчу зудчунна 30 секунд хан ю луш ойлаян.
Нагахь санна иза дохкоялахь, цуьнан йиш ю шен бер юха а марахьарчо.
Нагахь санна, оцу гIутакхчу диллинчу бераца цхьа а сакхт, дина зен-зулам дацахь, Iедало ца лоьху бер дIатесна нана, ца айдо цунна дуьхьал бехке озош гIуллакх а.
Кхачо йоллуш бэби-боксах хаарш дузийтархьама, хьовса кху видеога.
Цхьа негативе тенденци тергалло тIаьххьарчу хенахь. Нохчашлахь наггахь бен хьалха заманашкахь нисдала ца торург тахана кест-кеста нисло Нохчийчохь.
Доьзалехь а доцуш, шаьш дуьненчу доху бераш, эхь къайла хьош, нехаш кхуьйсучу меттигашкахь, аренашкахь я нехан хIусамашна гергахь охьатуьйсу зударша.
Кхаарийдийнахь Шела-кIоштарчу цхьана яхархочо социалан машанашкахула хIара аудио яржийна, беран сурт тIе а тесна цуьнца. Доьху цо масаьрга а шен хаам дIасабаржор.
Бер карийна зуда: «АтагIа боьдучу новкъахь карийна ву хIара кIант. Дикка хан йолчух тера а ду хIара охьатесна. Шела-Ситина охьаваьлча, кетIахь "Iаламат" туька а йолуш Iаш ду тхо. Вайгахь ву хIара кIант. Шайн волчара са гатдеш хир ду кхунна, дIасаяржаяйша хIара информаци».
Оцу карийначу беран кхи дIа хинболчу кхолламах а, Iедало хIинцале а яьхначу гIулчех хаархьама Маршо Радио зIене елира Шеларчу берашна тIехь верасалла а, Iуналла а дечу хьукматца.
Иштта ду тхан берийн терго ечу декъан говзанчаца Мусаева Фатимица деана къамел.
Радио Маршо: Шелахь дIакхоьсина жима бер карийна аьлла социалан машанашкахь яьржина информаци. ХIун хилира оцу берах? Да ваьллий цуьнан?
Мусаева: «Бер дац! Харц информаци ю и. ХIунда хоьттура ахь? Хьо бер дезаш яра?
Маршо Радио: Дезара суна.
Мусаева: «Иштта дIа луш ма ца хуьлу бер, цкъа хьалха рогIе язъяла еза хьо. Иштта атта деззачунна дIалуш ма дац бер».
Берийн Iуналла дечу хьукматан белхахочо хилам бакъ ца бинехь а, охьатесна бер карийначу зудчо ма-дарра, ур-атталла ша еха хIусам а хьул а ца еш, дуьйцу.
Шеконашкахь дисинчу оха бехке ца диллира Шеларчу берийн Iуналла дечу хьукматан белхахочунна, къайле яц, мехкан Iедало дихкина ду и тайпа информаци Iораяккхар.
Дийца даьккхинчуьра аьлча, таханлерачу дийнахь, официалан хаамашца, Оьрсийчуьрчу 10 регионехь болх беш ю 17 бэби-бокс ю.
Юьхьанца ерриг а йиллинарг 22 яра, царех 5 кеп-кепарчу бахьанашца дIакъевлина.
Пачхьалкхал арара хьал довзийтича, масала, ВВС-н зерашца, Евроберта юкъа йогIучу цхьацца йолчу пачхьалкхашкахь къоьлла яц бэби-боксийн.
Австрехь, Белгехь цхьацца хиларх, Германехь 99, Венгрехь 26, Италехь 8, Полшехь 45, Чехехь, 66 берийн яьшка ю.
Масална далийча, Прагерчу цхьана кIоштахь бэби-бокс хIоттийна 6 шо ду. Оцу хеначохь 4-зза бен пайда эцна бац оцу гIутакхах.
Ткъа Нохчийчохь дахначу цхьана шерачохь масийттаза карийна нехаш кхуьйсучу яьшкичохь, нехан учикIел, эрна арахь дIакхийсина бераш.
ТIаккха? ТIаьхьа-м дац-те Нохчийчохь бэби-бокс схьаелла?
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832