ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Шемахь машар латто бахана нохчийн эскархой..."


НТВ канало гайтинчу «Правда Гурнова» программехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Алеппо гIала хьовсийна нохчийн эскархой Шемарчу бахархошца юкъаметтигаш тоян декхаре ю аьлла. Хьалхо Кадыровс Инстаграмехь хаамбинера, гергарчу хенахь эфире ер йолчу шен интервьюхь ша жоьпаш лур ду, Шема декхарш кхочушдан хьажийначу нохчех лаьцна юкъараллехь хIиттинчу хеттаршна.

Кадыровс бахарехь, Шема бахале тIемалой Iаморашкахь кечбина хилла, «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах мукъаяьккхинчу гIаланашкахь машар латторхьама. «ГIезалоша, оьрсаша, нохчаша, цара массара а ларбеш бу Шемахь бусулбанаш. Цара ца могуьйту кеп-кепарчу тобанашна къоман барт эгIо» аьлла Кадыровс.

Билгалдоккху, стохка ГIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIе ца буьтура, Шема дийнна нохчех лаьтта батальон яхийтина аьлла зорбанехь баьржина хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG