ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIунда дIаваьлла Флинн Майкл балхара?


Майкл Флинн
Майкл Флинн

„Хьалхарниг вахара“ - иштта я цунах терра техкина дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсех цхьа могIано Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан къоман кхерамазаллех волу хьехамча волу Флинн Майкл йоккхачу IалагIожца дIаваларх лаьцна шаьш язйинчу артиклийн цIераш.

Флинн Майкла оршот дийнахь дира ша даржера дIаволуш хиларх дIахьедар. Иза балхах вохаран бахьана Iамеркерчу къайлахчу сервисашна цо масех бутт хьалха Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Оьрсийчоьнан векалца Кисляк Сергейца къайлаха цхьаьнакхетарш динийла а, цуьнца цо Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш малйарах лаьцна дагадовларш дIадаьхьнийла а гучударца доьзна ду. И хIума гIардаьккхинарг The Washington Post газета дара, даханчу кIиранахь шен IалагIожечу артиклехь Флинн гIурабаттахь Оьрсийчоьнан векалца санкцеш йийцаре еш хилла аьлла яздина долу. Газетано шен къайлахчу сервисашкарчу хьостанашца тIе а товжуш чIагIдарехь, Флинн Майкло Кремле сигналаш йинера, Трамп Доналд президентан харжамашкахь толахь, цо Оьрсийчоьнна дуьхьал Обама Баракъан урхалло юккъеяьхна йолу санкцеш юха яха там бу бохуш.

Цул совнаха цу тIеIаткъамечу хаамийн гIирсо оршот дийнахь кхин дIа а Флиннан леламех йолчу артиклехь яздира, Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло Трампан юстицех волчу хьехамче Макган Доналде хьалхехьо хаамаш бина хиллера, Флинн Москохаца зIенаш йолуш а ву, цунна Кремло тIеIаткъам беш хила а там бу, муьлхачу а хенахь Кремло цу стагана шантаж ян а там бу, бохуш, амма Трампо и хаамаш тергал а ца бинера, бохуш. Цул совнаха, журналисташа чIагIдарехь, хIеттахьехь Iамеркан инарла прокурор хиллачу Йетс Саллис Трампан администрацига хаам бина хиллера, хетарехь, Флиннс шен Оьрсийчоьнца йолчу уьйрех ма-дарра долу бакъдерг лечкъош ду, аьлла.

Ала догIу, ша Флинн Майкл цкъа хьалха ша Оьрсийчоьнан векалца Кисляк Сергейца цхьаьнакхетта хиларна мукIарло динехь а, амма цо дацаре дора, ша цуьнца йийцане а санкцийн тема йийцаре йина бохург. Жимма тIаьхьа, цхьа могIа хаамийн гIирсаша цуьнан цу цхьаьнакхетарх а, цо цигахь санкцеш билгал йийцаре йина хиларх а шеконаш ца юьту информаци зорбане яьккхича, иза шен пресс-секретарехула кийтарло ян хьаьжира, шена дага ца догIу ша оьрсийн векалца санкцеш йийцар я ца йийцар бохург, аьлла дIахьедар а дина. Амма цу кийтарлонах кхин гIуллакх ца хуьлуш иза эххар а даржера дIавала дезна.

Ткъа хIун бохург ду-те Трампан тобанера цуьнан уггаре а гергарчу гонера хьехамча а, цуьнан уггаре а лоялечу накъостех цхьаъ а волу Флинн иштта йоккхачу IалагIожаца балхах вохар? Трамп куьйгалле варца Кремло кхаьбна болу сатийсамаш эрна хилла бохург дуй-те иза аьлла хаттар дира Маршо радионо политологе Чапханов Руслане. Цо иштта дийцира.

Чапханов Руслан: „Цу хIумано гойту, Iамеркан керла администраци хиллане а дуьненанюкъарчу политикехь лелаш долу низамаш, къепенаш евзаш ца хилар, хIунда аьлча со хIуттур вацара, цара шайна и низамаш хуушехь иштта хIумнаш шайгара дуьйлуьйту ала. Уьш доккхачу декъех совдегарш бу, бизнесера нах бу, тIаккха бизнесехь шайна Iеминарг леладан гIерта уьш политикехь а“.

Шен даржар дIаваларх долчу дIахьедарехь Флинн Майкло ша чIогIа дохко ваьлла аьлла, шен Оьрсийчоьнан векалца хиллачу цхьаьнакхетарех а, цу цхьаьнакхетаршкахь динчу дагадовларийн чулацамех а ша ларамза харцах информаци юкъараллина а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президентана а, Трампан администрацин кхечу лакхарчу белхахошна а елла хиларна. Цо шена къинтIера валар дийхира Трамп Доналде.

Цу юкъана Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда къобалдина Флинн даржера дIавалар. Цунна метта шен хьехамча цо Джозеф Келлог хIоттийна.

XS
SM
MD
LG