ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тайп-тайпа туьду нохчаша ФСБ-ан белхахочун интервью


Австри -- Нохчийн мухIажарш
Австри -- Нохчийн мухIажарш

ХьастагIа, масех де хьаха немцойн пачхьалкхан ЦДФ цIе йолчу телевизионо гайтинчу Европехь оьрсийн айкханчийн а, агентийн а леламех лаьцна филман йилбаз мохь хIинца а бижина бац. Немцойн а, австрихойн а, ткъа иштта Оьрсийчуьра а хаамийн гIирсаша дийцаре до цу немцойн Эгмонлд Кох цIе йолчу журналистан филмехь „Путинан шийла тIом“ цIе йолчу филмехь цхьана ша шех оьрсийн къайлахчу сервисийн полковник олуш хиллачу стаго дийцинарг. Ткъа дийца цу Игор алар бен, кхин шен бакъйолу цIе ца йовзийтинчу эпсар хиллачо дуккха а дийцира.

Масала, цу филма чуьрчу хIокху цитатехь санна. „Тхан каделира мигранташ болчух кеп а еш, Европе тхайн шпионаш хьажон. Цу леринчу операцин жамIаш президентан Путинана довзийтира. Иза царна чIогIа реза а хилира“. Игорс буьйцуш болу шпионаш, цо ша чIагIдарехь, нохчийн къомах нах бу, оьрсийн Федералан Кхерамзаллин Сервис, доца ФСБ къайлахчу сервисо кечбина, талорш а, питанаш а лелон Европе, уггаре а хьалха Германе хьовсийна болу. Цо дийцира, 2002-чу шарахь дуьйна ФСБ-но нохчашна, къаьстина нохчийн къомах болчу къоначу спортхошна, харцахь кехаташ а дохуш, царна церан даймахкахь Iедало таIзарш дина я уьш политикан бахьанашца хьийзина бохург тIечIагIдеш долу. Цу кепарчу оьрсийн къайлахчу сервисийн кхиамечу операцин масала ду ала гIерташ санна, филмехь гайтира Германин Неврехь Оьрсийчоьнна дуьхьал Малхбузено яьхна йолу санкцеш юхаяхаре кхойкхуш а, Путинехь гIо доккхуш а митинг цхьана нохчийн къомах болчу мухIажарш санна Германе кхаьчначу нехан тобано еш. Царна хьалха ваьлларг вара Германехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн векал ву ша бохуш волу цхьа жимстаг Дугузаев Тимур. Филман авторна интервью а елира цу спортхо санна хьовсархошна вовзийтинчу кIанта. Бакъдуй хьо Европехь бехачу хьайн махкахошна тIехь терго еш ву, аьлла шега деллачу хаттарна цо иза бакъду элира. Иштта вела аьшна а дина цо мукIарло дира шен накъостий Германехь шайна тховкIело ялийтархьама цIахь шаьш хьийзош бу боху аьшпаш буьттуш, немцойн Iедал Iехадо аьлла.

„Иштта цхьа истори ца йийцича хьо Германехь вита ма ца вуьту“, - элира цо. Бакъду, филм араяьллачул тIаьхьа Дугазаевс шен инстаграммерчу агIонна тIехь дацаре дира ша и хIумнаш иштта дийцина бохург, - журналисто масех сохьтехь шайх хиллачу къамелана юккъера кийсакаш а йохуш, уьш констектах хадийна, шен къамел харцахьдаьккхинера, аьлла яздира цо.

Мухха делахь а, немцойн юкъараллин тамашийна а, кхерам кхуллуш а, керла а хетаделла долу филм чуьра мукIарлонаш, Европехь бехачу нохчашна башха тамашина я керла хеташ дац. ХIунда аьлча, хIора а аьлча санна Малхбузерчу махкахь меттигерчу диаспоршна буйла а хууш оьрсийн векалташца гергарлонаш лелош а, оьрсийн къайлахчу сервисашна айкхаллаш деш а нах хуьлу. Амма иштта гаррехь шаьшна а, нахана а уьш агенташ буйла хууш болчу нахал а алсамох бу, хетарехь, шаьш шайна бойла а ца хууш оьрсийн къайлахчу сервисашна белхаш беш болу нах вайнахалахь аьлла хета Австрерчу нохчийн диаспорин жигархочуна Никархо ИбрахIимна. Къаьстина спортехь жимма а кхиамаш беш болу кегирхой шайн тIеIаткъаме берзон гIурту и сервисаш, аьлла хета цунна.

Никархо ИбрахIим: „Суна и нах кхузахь бу аьлла хета. Царна шайна шаьш оьрсийн агенташ ду аьлла ма ца хети. Уьш цхьана агIор цхьа дика хIума до олий, Iехийна хуьлу. Къаьстина кху Европехь спортехь кхиаме болу кегийрхой шайн агIор боху цу оьрсаша. ХIунда аьлча, спорт нохчашна юкъахь чIогIа сийдолуш ю, спортехь кхиаме волу жимстаг кхечара чIогIа лору, цуьнан вистхила трибуна а хуьлу, цуьнан шен къоман хIума дийца йиш а хуьлу ша толам баьккхича. Цундела иштта кхиаме спортхой нохчийн къоман цIарах бистхила йиш ца хилийтар ю аьлла хета цуна цу оьрсийн Iедалийн Iалашо. Ткъа цу кхузахь кхиинчу нохчийн кегирхошна и хIумнаш ца девза, царна оьрсийн Iедалан ямартло а ца евза“.

Нагахь санна Никархо ИбрахIимс буьйцуш болу кегирхой шаьш шайна буйла а ца хууш оьрсийн Iедалийн гIоьнчаш а, айкханчаш а хуьлуш белахь, я вуьшта царах олуш ма-хиллара, „тIеIаткъаман агенташ“, филм чохь йийцаре еш кхин а моттбеттархойн категори а яра – лерина оьрсийн къайлахчу сервисо кечбина, талорш а, питанаш а дан Европе хьовсийна болу. Оцу наха доккхачу декъехь шаьш IиндагIехь а буьсуш, кегирхой галмарзах боху аьлла хета Никархо ИбрахIимна. Дукхачу хьолехь бусалба динах пайда а оьцуш, кегирхошна вуно радикалечу агIор дин лелор марз а деш.

Никархо ИбрахIим: „Лерина къайлахчу сервисаша кечбина кхуза бахкийтинчу наха шаьш шайн куьйгашца зуламаш а, къепедацарш а лелор дац. Цара уьш кхечаьрга дойтур ду, къаьстина кегирхошка, царна юкъахь пропаганда а еш. Дукхах долчунна динца йо цара и пропаганда, радикале хIумнаш а дуьйцуш, хIорш керста буй, кхаьрца хIуъу лелон магийна дуй, бохуш. Иштта галбовлу тIаккха кегийрхой, динан цIарца шайга дуьйцучух теша а теший. Шаьш-м и агенташ къайлаха буьсу, уьш-м шаьш хаза костом-хечий духий, кечлой хуьлу, нахана юкъахь хаза говза къамел дан а хууш“.

Цу юкъана цхьаболчу Европехь бехачу нохчашна ЦДФ телеканало гайтинчу филмера ша шех Игор олуш хиллачу оьрсийн эпсаро мелла а тIедетташ дийцича санна хета нохчийн къомахчу мухIажаршна юкъахь оьрсийн агенташ хиларх дерг. Цуьнан Iалашо немцойн Iедалехь массо а нохчашка цатешам кхоллар а, цаьрга нохчашна тховкIело ялар сацадайтар а хета царна.

XS
SM
MD
LG