2002-чу шарахь Дубровка нохчийн тIемалоша дIалаьцча а, иза мукъайоккхуш а беллачу нехан хьокъехь гергарчара дина арз толлучу Москохарчу тIеман кхело ца магийна ладегIаршка эксперташ кхайкха. Иштта хаамбина Маршо Радиога адвокато Москаленко Кариннас.
Нах баларца йоьзна экспертиза юхаяйтар дехнера кхеле беллачийн театрехь 14 шо хьалха байинчийн гергарчара. Хьалха йина экспертиза нийса ю, кхин яц хьашт дац, аьлла аьрзхошка кхело.
Кремле Нохчийчуьра тIом сацабайта Iалашонца нохчийн тIемалоша дIалаьцна «Норд-Ост» театр мукъайоккхуш лерринчу ницкъаша чухецначу газах велира 130 стаг, 700 стеган талхийра могашалла. Иштта вийра массо тIемало а.
2011 шарахь Европан кхело листира нехан арз – Оьрсийчоьнан Iедал бехкедира адамашкара даха йолу бакъо дIаяккхарна а, кхел ма-доггIу цаярна а.
Гергарнаш гIерта кхеле хIун газ ю шайн гергарнаш байинарг хаа а, бехкениг жоьпе озавайта а.