Хабаровскехь тIелатар дина ФСБ-н нах тIеоьцучу хIусамна. Вийна ФСБ-н цхьа белхахо а, СНГ-н цхьана пачхьалкхан вахархо а.
Чов хилла ву кхин цхьа стаг. Иза а ву кхечу пачхьалкхан махкахо, хаам бо ФСБ-н векалша. Цара дийцарехь, ФСБ-н хIусаман чоьхьа а ваьлла, герз диттина тIелатар динчу стага. Бахьана хууш дац.