ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра проблема цхьалхаяккхар дехна немцойн канцлера


Оьрсийчоьнан президентца хиллачу цхьанакхетарехь Германин канцлера Меркел Ангелас дехна Путин Владимире, Нохчийчохь Iедало гейш хьийзош бу бохучу гIуллакхах йист яккхар.

Хьалхо Sobesednik.ru хьостано яздира, Кадыров Рамзанна дуьхьал хиларх маьхьарца лозунгаш кхийкхо иттех ЛБГТ-жигархой лецна Петарбухахь аьлла.

Сочехь Путинца хилла пресс-конференци ерзош, Меркела хаийтира, оьрсийн куьйгалхочуьнца шен хиллачу къамелехь Нохчийчуьрчу гомосексуалийтийн проблема а ша хьахийна хиларх.

"Нохчийчохь лаьттачу хьолах баржийна хаамаш инзаре бу, ЛГБТ-юкъараллан бакъонаш хьайн дозан тIехь ларъяйтахьара ахь аьлла, дехар дина ас", аьлла Меркела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG