ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров кийча ву Москохца цхьаьна талла республикехь адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал


Нохчийчоьнан куьйгалхой а, низамаш лардон органаш а реза ю Нохчийчохь хIомосексуалаш хьийза бо аьлла зорбан гIирсашкахь баьржина хаамаш толлуш федералан органашца цхьаьнакъахьега.

Цунах лаьцна пIераскан дийнахь журналисташка хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цуьнца цхьана цо билгалдаьккхина цу тайпа нах хилар догIуш дац нохчийн амалца аьлла.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Оьрсийчоьнан омбудсменца Москалькова Татьяница шен хиллачу цхьаьнакхетарехь аьллера ша цу тайпачу нехан хьолаца доьзна хаттар дийцаре дийр ду инарлан прокурорца а, чоьхьарчу гIуллакхийн министрца а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG