ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIора шолгIачу Оьрсийчоьнан вахархочунна веза Сталин


«Юкъараллана хетарг» («Общественное мнение») фондо бинчу талламаша гайтарехь, Сталин Иосифа Советан пачхьалкх тIемийн шерашкахь баккхийчу кхиамашка ялийра аьлла хеташ ву Оьрсийчуьрчу бахархойх хIора шолгIаниг.

Респондентийн кхоалгIачу декъанна хетарехь, диканаш а санна, вон амалш а хилла Сталинца.

Иза массо а агIор вон куьйгалхо хилла боху 8 проценто.

1941-1945 шерийн тIамехь дакхалоцуш велла Советан пачхьалкхан бахархойх 40 миллион сов стаг, царех маьрша нах бу 23 миллион. ТIом болабаллале Сталина репрессешна кIелваьхьна 1000 сов инарла, эскаран буьйранча, дукхахболучарна тоьпаш йиттина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG