ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВЦИОМ: Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоь а


Ерриг Оьрсийчоьнан информацин-статистикан центран (ВЦИОМ) хеттаршна жоьпаш деллачу респондентех дукхаболучарна хетарехь, Кадыров шен мохк а, къам а кхиош ву. Цуьнан цIеяьккхича, пачхьалкхерчу бахархошна уггаре хьалха дагаоьккху Нохчийчоь.

Хаттамехь дакъалаьцначу 42 % бахархоша ларамбо Кадыровн, 8% - ца теша цунах.

70%-на иза вевза мехкан куьйгалхо хиларца, 12%-на цуьнан «цIе бен яц хезна», ткъа ца хаьа иза регионанна коьртехь вуйла.

57% нахана ца хаьа, муьлхачу хиламца доьзна Кадыров шайна дагахь лаьтта. 10% аьлла – «цо мехкан экономика тойина, Нохчийчоь меттахIоттийна», 9% – «цо регионехь къийсам латтийна терроризмца, бандитизмца».

Кадыровн Нохчийчоь тоян, хазъян Iалашо ю, аьлла 20% процент респонденташа, 13% хетарехь, цо къахьоьгу шена тешийначу махкахь кхерамзалла, низам дIахIоттош, 12% боху – «нохчийн къоманна аьтто бу цунна коьртаниг».

Кадыровс Оьрсийчоьнна пайда бохьу аьлла 55% наха.

Статистикан центран гIантдас Федоров Валерийс боху: «Дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархошна Нохчийчоьнан куьйгалхо пайде а волуш, пачхьалкхан декъанна дика дохьуш патриот ву. Цунна еш йолу критика нехан дегнех ца кхета».

«Петербурган политика» фондан президент Виноградов Михаил: «Доккхачу декъанна, дикачу лоббистан вастехь тIеоьцу иза наха. Цо санна, доггах шайн регионийн куьйгалхоша а къахьоьгийла а, шайна цунах дакъакхочийла а лаьа нахана».

Хаттам бина «ВЦИОМ-Спутнико» бахначу беттан 26-28-чу деношкахь. Дакъалаьцна 1,8 эзар респонденташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG