…Баттахь сов хьийжира пресса шен бахам бовзуьйтуш арахеца еза деклараци Нохчийчоьнан куьйгалхочо, ша санначу Кавказерчу хьаькамаша а санна, зорбане яккхаре. Хаьа лаьара, мел ду цуьнан ахча, цIенош, кеманаш, машенаш, деза герзаш, говраш… Арадаьлла хIинца и документ. Амма сапаргIатхуьлучу метта, кхин а алсам хеттаршка буьйлу журналисташ, хьал дуьззина довзийтиний те декларацино, бохуш.
Кадыровн декларацино ца дуьйцу Тиматис дуьйцург
Лурчахчул шозза сов ахча даьккхина Кадыров Рамзана стохка – 11 миллион сом. Къаьсттина цецбевлла тергамхой цуьнан шина воIа, кхиазхоша, Ахьмада а, Зеламхас а, 10-10 миллион даккхарх – ца кхета, муха даьккхина.
Ала деза, цхьаммо а са ца туьйсура, цуьнан хиларх хьажархо а кхетош, ши бутт хьалха рэперо Тиматис инстаграмехула гайтина дезачел деза кема декларацехь гучудериг хиларх. Дог ца дохура хазачел хазачу машенийн парк, тоннашкахь деши, дуьненахь тоьлла говраш ю шен, аьлла, Кадыров хаставаларе.
(Деклараци – тамаше кеп ю. Коррупцица къийсархьама юкъаяьккхина Iедало, амма билгалдаккха тIе ца дожадо цо, муха, хIун деш даьккхина ахча).
Ахча стохка лурчахчул шозза сов даккха муха аьтто баьлла – иза дуьйцуш а дац Кадыровн. Чуьра-цIера йоьхкина хIумма ю аьлла а дац декларацехь. Лучу алапанна индексаци йина хила а тарло.
РогIехь – доларчу цIенойх, гIишлойх. Лурчаха хилла цIа а (2344,3 еакIов метр), цунна гонахара латта а (3668 еакIов метр), лаьтта шаьш хиллачохь.
КхидIа – зудчун бахам. 2016-чу шарахь Кадырова Меднис модин хIусам Firdaws мукъаяьккхина шех – йоьIе Iайшате дIаелла. Балхахь яц аьлла ларалучу Меднис доьзалан бюджете 2,1 миллион сом деана. Цуьнан долахь ю, декларацех тешча, 209, 8 еакъов метрх лаьтта петар.
Декларацино тоьшалла до: дац Кадыров Рамзанан цхьа а кема, цхьа а машен, цхьа а говр, ур-атталла цхьа а кийла деши а…
Бакъду, ца тоь журналистийн бIаьргаш - къоламаш.
«Москох лаьттачу Iаламат хазачу хIусамийн дай бу Кадыровн гергарнаш а, го а», - боху «Дождь» («ДогIа») телеканало еарийдийнахь арахецначу артикло. Цо тергойина спутнико даьхначу суьртийн. Стиглара охьахаьжча ЦIонтарахь а, Гуьмсехь а хаалучу Iаламат еза-яккхийчу гIишлойн дай муьлш бу тIаьхьа ца кхуьу авторш.
Дуьйцуш даьржинчул совдаьккхина хууш дац бакъдерг: кадарстран карти тIехь дац цхьа зама хьалха Кадыровн ненан, Айманин, долахь ду баьхна я ЦIоьнтарара цIа а, я Рамзанан ю бохуш юьйцу Гуьмсера гIишлош а.
«Собеседник» газето кхо бутт хьалха дийцира Кадыров Рамзанан гергарчийн Москох шена «карийначу» хIусамех лаьцна.
«Воробьевы горы» олучу меттехь (Мосфилмовская урам) ю Кадырова Медни цIе йолчу, Нохчийчуьрчу ЦIоьнтарахь еха аьлла язйинчу зудчун долахь петар. Кадыров Рамзана юьйццу метраш а ю цуьнан, боху «Дождь» канало «Собеседникна» тIе а тевжаш. Юьйцу петар 210 еакIов метр ю, 2006-чу шарахь яьлла иза юьйцучу зудчун дола, и санначу петарх доккху 130 миллион сом.
ДелимхановгIар. ...Муьлхарш?
Ша галъэккхарна а кхоьруш, дуьйцу телеканало Кадыров Рамзана «сан ваша» олучу Делимханов Адаман йоллу цIе а, фамили а йолчу стеган доларчу Москох лаьттачу петарх лаьцна. Делимханова Марьям Юсуповна ю Давыдковская урамерчу187 метр йолчу хIусаман долахочун цIе (изза цIе ю Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думин депутатан ненан а). Цуьнан мах бу 100 миллион соьме кхочуш.
Иштта, 406 метр хIусаман (мах 500 миллион соьме кхоччуш) да а ю Москох Делимханова Разита Заурбековна.
Ткъа Делимханов Адама ша яржийначу декларацина тIехь а ю оццул метрех ериг а, кхин массех а хIусам.
Давыдковская урамера петар, хIусамийн Реестро бахарехь, Делимханова Разитас эцна 2011-чу шарахь. Ткъа Делимханова Разитас (Делимханов Адаман оцу шеран декларацино бахарехь, хIусамнанас) ца даьккхинера 187,5 эзар соммий бен. Ша депутато – 2 миллионал совъоьккхуш. Нагахь санна Реестро буьйцурш Кадыровна гонахара ДелимхановгIар белахь, хаттар диллина дуьсу: мичара даьллера царна 2011-чу шарахь петар эца 100 миллион сом?
…Хеттарш, Кадыров Рамзанан а, цуьнан гергарчийн а, гонан а бахам хьехочохь даима а дуьсу. Жоп хир доцчух ду, масала, хIара а: хьенан ю, Кадыров гергахь а волуш, видеошкахула гойту еза машенаш, миллонаш долларшкахь мехаш болу говраш, дешин, долларийн, соьмийн баьрзнаш, кхиболу бахам?
Хезар дац жоп кхечу хаттарна а: стенна хьулбо хьаькамаша халкъах шайн бахам, цуьнан барамаш? …Хаийтича, шайн доха хIума а ца хилча, хиича, нехан синош паргIатдовлуш а хилча!