ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дадаев Заурна тIехь биси Немцов веран бехк


Заур Дадаев
Заур Дадаев

Оьрсийн оппозиционер, политик Немцов Борис вийна бохуш, шеконашкахь латтийна Дадаев Заур бехке лерина диначу зуламна Москохарчу тIеман кхело аьлла, хаамбо "Медиазона" агенталло. КхолгIачу дийнахь кхело бовзийти шен сацам.

Иза воцург а, кхи а цуьнца лецначу Нохчийчуьра бахархойх вежарех ГубашевгIарах Анзорах, Шадидах, Эскерханов Тамирланах, Бахаев Хьамзатах а къинхетам бойла дац аьлла бехк къасточу тобано.

Кхелехь тIаьххьара дош олуш, Дадаев Заур вистхилла. "Со ца хилла и зулам дечу меттигехь, я и вовшахтухучу тобанца а ца хилла. Со цкъа а ца хилла стешха а, ямарт а, со тIемало вара, бакъонца, нийсонца схьавогIу. Вац со зуламхо." аьлла Дадаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG