ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Актер Сугаипов Сурхо: Европах нохчалла а ца хуьйцуш...


Нохчийн актер Сугаипов Сурхо
Нохчийн актер Сугаипов Сурхо

Ши шо хьалха Францехь гайта йолийра режиссера Леонар Сарас яьккхина «Сийлахь стаг» цIе йолу шина декъах лаьтта исбаьхьаллин кино.

Оцу киночохь гойту Марков аьлла цIе яхначу нохчочун а, францхочун Гамильтонан а доттагIаллин уьйраш.

ОвхIанистанехь куп тоьхначу арахьарчу легионийн декъехь тIеман гIуллакхехь хуьлу и шиъ.

Цхьана буса буьйранчийн низам а дохош, леопардна талла вахана ши доттагI овхIанхойн тIемалоша йинчу кIелоне нисло.

Гамильтонна вуон чевнаш йо. Шен гихь мостагIчун кара ца вохуьйтуш, бинчу гуона юкъара воккху иза нохчочо.

Легионийн могIарера вохаво буьйранчаша Марков.

Цул тIаьхьа Марковс (бакъйолу цIе Мурад хуьлу цуьнан), шен ма- хуьллу ка-маIарш хьоькху маьршачу дахарехь дIатасавала гIерташ.

Парижехь гергарчу нахехь шен кIант а караво цунна, доттагIчо Гамильтона отеле балха а нисво иза. Амма туьйранашкахь бен ца хуьлу хеппи-энд.

Ма моьтту атта а дац-кха хийрачу махкахь дIатарвала…

Киноиндустрин говзанчаша лаккхара мах хадийра оцу кинон.

Доккхачу дозаллица дуьйцура нохчийн гуонашкахь а филмех лаьцна.

ХIунда аьлча, коьрта ролаш ловзийнарш вайн махкахой бара, Германехь а, Белгехь а тховкIело карийна беха Сугаипов Сурхо а, Идиев Рамзан а.

"Сийлахь стаг" филмера сурт: Сугаипов Сурхо а, Идиев Рамзан а
"Сийлахь стаг" филмера сурт: Сугаипов Сурхо а, Идиев Рамзан а

"Сийлахь стаг" филм дуьххьара хиллехь а, тIаьххьара ца хилира коьртачу турпалхочун Сугаипов Сурхон дахарехь.

Торонтохь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу кинофестивалехь Леонар Сарин кино гайтинчул тIаьхьа, сиха гIаравелира актерийн похIма хиларца Сурхо.

Цул тIаьхьа масийтта тоьллачу киношкахь ролаш ловзийна цо.

Шен сайтан агIонашкахь дуьне мел ду даьржинчу нохчийн къоман векалша кеп-кепарчу тIегIанаш тIехь бохучу кхиамех даим а дуьйцучу, яздечу Маршо Радиона схьакарийра Германехь веха нохчийн актер Сугаипов Сурхо.

Дехха хилира тхан цуьнца дийцарш. Даймохк дIатесначул тIаьхьа немцойн махкахь интеграци ярх, экономика дIа а теттина, киноискусство юьхьарлацарх, ша шена иэшам хилахь а, ша шеца бинчу бертах ца вохарх, довш ду боху нохчалла шегахь ларда гIертарх, тахана даймахках хьегахь а, цкъа мацца а дай баьхначу лаьтта ша вусур хиларх а.

Радио Маршо: Сурхо, хьо Москох дуьненчу ваьлла, цул тIаьхьа цхьа кIезиг Нохчийчохь ваха рицкъ хилла хьан. Тахана Германехь ву хьо. Жимма хьайн дахарх йолу къайленаш гучуяхахьа тхуна.

Сугаипов: Со Москох вина ву, амма цигахь Iийна вац со. Школе а Нохчийчохь вахна со, хьалхара тIом баллалц со цIахь Iийна ву. Соьлжа-ГIаларчу Минутка олучу меттигехь ваьхна со. Хьалхара тIом бирзинчул тIаьхьа Нальчике дIадахара тхо, шина шарахь цигахь хан яьккхира тхан доьзало. Юха шолгIа тIом марсабаьллачу хенахь а, юха а Нальчике цхьана ханна дIакхелхира тхо. 2000-чу шарахь юха Германи схьадаьхкира тхо.

Маршо Радио: Хала дарий юьхьанца хийрачу махкахь? Лергашна хийра мотт, култура, менталитет. Дукха беха барий интеграцин некъ?

Сугаипов: Кхи хала аьлла хала а дацара суна. Цхьа кхечу дуьненчу къаьчча санна дацара, кхин дIоггара вайх къаьсташ хIорш а ма бац. Вайн амалца а, менталитетца а ца догIуш цхьацца хIуманаш ду кхеран, бакъдерг аьлча.

Вуьшта, хьо стенга вогIу а хууш, хIара хIун пачхьалкх ю а хууш, кхеран истори а евзаш, жимачу пачхьалкехера ара а ваьлла, кхузахь хьо хьайн башхачу леларца ваха хало хир дуй хаа деза хьуна. Шайн низамаш ма ду кхеран, уьш ахь лардичхьана хала дац. Ахь ламаз дой, хIун юий, хIун ца юий, хьан къамелехь хIун могуьйтий, цуьнца бала болуш кхи цхьа а вац.

Ас юха а боху, коьртаниг кхеран низамаш ахь лардичхьана. Интеграцица кхи проблемаш яц. Вайга хаьттича, цхьацца хIуман тIехь мел а паргIат бу хIорш, къамелашца а, духарца а, масала.

Маршо Радио: Хьо тахана цIеяххана актер ву. Масех киночохь васташ гайтина ахь. Ткъа селхана, актеран корматалла а йоцуш, багахь мотт а боцуш, муха бIо буьйлира хьан дуьненна а бевзачу актерашца цхьана майданахь эр ду-кх вай, Францин режиссеро йоккхучу кино чохь рол ловзор?

Сугаипов: Дела реза хуьлийла оццул лаккхара мах хадабарна! Кхи иштта цIе яххана актер а вац со, масийтта рол ловзийна ас киношчохь, вуьшта аьлча, дIатасавелла воллуш-м ву со. Агентство а ю сан, цхьа аьтто хир бацара-те бохуш, тIаьхьаваьлла лелаш ву со. Цкъачунна даккхий хIуманаш дац, амма суна цкъачунна тоаме кхиамаш хуьлуш схьавогIуш ву со.

Хьайн ненан маттахь васт гойтуш ца хилча, хала хуьлу. ТIаккха хьан корматалла а яцахь, ведда воьддуш Iама везаш хуьлу хьо, ма дарра аьлча, дукхачара иштта дан а до и. Театралан доьшийлех хьо чекхваьлла вацахь, хала ду.

Дуьххьара ас дакъалаьцна кино "Сийлахь стаг" францхойн режиссеран кино яра. Царна хаьара, со актер воцийла, цундела цхьа бутт хьалха со Париже дIа а вигина, соьца болх бира кино йоккхучара. Нохчийн зуда а яра цу филмехь дакъа лоцуш, Джабраилова Йисита. Цо а дукха гIо дира суна. Тексташ гочъеш, муха ала деза а, дерриг а хьоьхуш.

Атта дац, аммма и гIуллакх хьуна интересе делахь, дIоггара къинхьегам ца хета хьуна и.

Маршо Радио: Хьоьца оцу филмехь коьрта васт гойтуш Белгин вевзаш волу актер Жереми Ренье вара. Дегала хетарий цунна мила ву а ца хуучу хьоьца цхьана киночохь ша гойтуш? Шуьшиннан юкъаметтигаш муха яра?

Сугаипов: ЧIогIа бакъахьара кIант вара иза. Жереми Ренье ша гоьваьлла актер велахь а, цхьана а кепара къестамаш ца бора цо. Я ас а ца оьцура и вевзаш, цIе яьккхина актер хилар тергоне. Вевза дукха хан йолуш санна, вовшах кхеташ хуьлура тхойшиъ даим. Самукъане, бегашех кхеташ вара иза.

Нохчийн къомах, цуьнан исторех хаа лууш а вара Жереми. Къамелаш дар хуьлура тхойшиннан съемкаш йирзинчул тIаьхьа а, садоIучу хенахь а, хIума юучу заманчохь а. Тхойшинна юкъара башхалла гайта ца дезий хаъал гIиллакх долуш вара иза.

Маршо Радио: Ахь цхьана интервьюхь элира, съемкашкахь хьо чIогIа воьхна хьийза, паникехь хуьлу, ийзало аьлла. Ткъа хIинца дIашарвеллий хьо?

Сугаипов: ХIинца дуьххьара санна хала дац. Атта хета суна хIинца. Зеделларг мел а гулделла сан съемкашкахь адамашца цхьана болх баре терра. Муха рол гайта еза а Iема хьуна, тIаккха ийзавлар де дийне дIайов. Бакъдерг аьлча, жимма саготта, карзахе хилар тIехь дуьссу хIуъа дийцича а. Делахь а, дуьххьара санна чолхе дац хIинца.

Маршо Радио: Киноискусство хооби лору ахь я хьан йоцуш таро йоцу професси хилла дIахIоьттина?

Сугаипов: Хобби аьлча а нийса хир дац и. Ахь ма бохху, и корматалла караерзо гIерташ, сайн ма хуьллу къахьоьгуш схьавогIуш ву со. Сан професси ю и аьлла лара мегар ду-кх и ас. Мел таронаш ю сан, кхиамаш хир бу я бац, замано гойтур ду. Цкъачунна безаш тIеэцна ас хIара болх.

Маршо Радио: Цхьана хьайн интервьюхь ахь элир-кх да-нана реза дац айхьа хаьржинчу некъана, тахана берта баьхкиний уьш?

Сугаипов: Иштта барт а бухуш, дуьхьал ма бацарий уьш. Царна вас еш хиллехь-м дуьтур дара ас и. Деца-ненаца юкъаметтигаш гал а йохуш, кхи хIуммаъ ца гуш тIаьхьаваьлла ма вацарий со. Тахана мел а сан гIуллакх дIадоьдий хууш, агентство а ю сан, цхьаццанхьа кастингашкахь а хуьлу со, киношка а кхойкху, и гуш сан ден-нена интерес меттахъелира. Даим соьга хоьтту, муха ду, хIун ду олий, самукъа а долу церан сан кхиамех.

Маршо Радио: Ахь элира-кх цкъа хьайга цхьа рол кховдийча, уггар хьалха сценарий луьсту ахь. Хьайн амалца, менталитетца йогIуш яцахь, тIе ца лоцу айхьа аьлла. И стереотипаш дIа а теттина, муьлхха а васт схьа а оьцуш, болх хIунда ца бо ахь? Гонорараш а хир ма ю цигахь лаккхара.

Сугаипов: Атта-м дара! Кху дуьненчохь дуккха а хIуманаш ма ду атта. Атта ду олий деш ма ца хуьлий дийриг. Со дIаволалуш дуьйна а, ас сайца бина барт бара, къанвелча а, валар-висар хилча а, сайн тIаьхьенна оцу киночохь со гича эхь хетар долу хIума айса лелор дац аьлла.

Вуьшта сценарий цхьаццанхьа сайна ца тайча дуьхьало йо ас. Ас хьалха ма аллара, оцу балхана тIаьхьа а ваьлла, хьераваьлла, ахча-бохча хьалха даьккхина, лелаш ма ваций со. И яц сан Iалашо. Цундела сайга рол кховдийча, цуьнан чулацаме а хьожий, олу ас «хIара, важа суна ца тов».

Сох кхеташверг а хуьлу, ца кхетарг а нисло. «ХIан-хIа, суна кхузахь хIуммаъ хийца ца лаьа» олий, соьца реза воцург нисло. Иштта меттиг нисбелча, «суна бехк ма билла, шун Дала аьтто бойла» олий, буьту ас.

Ахь ма бохху, хийла йоккха гонорар карара йолуш меттиг а нисбелла. «Хийла» аьлча-м, нийса хир дац и. Шозза нис-м делла, агент а цецволуш, «хьо лартIахь вуй, хьо актер ма ву, ахь хьайга боххург дан ма деза» бохуш. ХIан-хIа, хьо кхетар вац, тхан Нохчийчу дIа а вигина, цигахь жимма хан а яккхийтина, цигара нах а, дахар а хьуна довзийтича кхетар вара хьо олу ас.

Маршо Радио: Айхьа хьайца бинчу бертаца схьавогIуш ву-кх хьо?!

Сугаипов: ХIинццалц схьа оцу бертаца, сайн даштIехь схьавогIуш-м ву со. Вуьшта со болх бан волавелла а ма яц дукха хан, 3-4 шо бен дац. Цкъачунна, Дала мукъалахь, оцу тIехь сацавелла Iаш-м ву со.

Маршо Радио: Хьайн кинокарьерехь псевдоним оьцур яра олий ойла хила а хуьлий хьан, я хьуна Сугаипов Сурхо тов?

Сугаипов: Сугаипов Сурхо тов суна! Цкъа дагадеанера суна, нохчийн Iедалехь фамили язъян. Тхан фамили Сугаипов ю. Тхан ден деда СоIип хилла. Вай массеран а тайпанаш ду, гаранаш ду. ТIаккха оцу тайпана юккъерчу гарийн фамили схьаэцча а яккхий цIераш хуьлу. Иштта хийца лаам хиллера сан, юха а, ойла йича, махкахь болчу сайн гергарчарех дIахадар санна хуьлу-кх и аьлла, дIадисир-кх сан и. Сугаипов аьлла сан цIе а яьржина яьлла, со суо а цунах дIаийна…

Маршо Радио: Маса киночохь дакъалаьцна ахь?

Сугаипов: Пхеа киночохь ролаш ловзийна ас. Таханлерачу дийнахь ялхолгIа киночохь васт гайта рол кховдийна соьга. Ойла еш ву со, реза хиоча а ца хилча хIун дара-те бохуш. Шо довш къаьстар ду сан гIуллакх. Цкъачунна дийцаршкахь ду тхо.

Маршо Радио: Оцу филмех уггар хьан даго тIеэцнарг, юх-юха хьо воккхаверца хьоьжург муьлхара ю?

Сугаипов: Юх-юха цаьрга ца хьежало со, хьуна бакъдерг дезахь. Цкъа шозза хьаьжначул тIаьхьа, сайн гIалаташ, кхачамбацарш гучудуьйлу суна: кхузахь и динехь, дIогахь важа динехь олий, сайна догэтIаш, сайгара бехкаш доху ас.

Цундела юх-юха ца хьоьжу со. Айса ловзийначу васташлахь аьлча, дуьххьаралера рол гергара хета суна. Нохчо а вара иза, со санна Европе схьавеана, кхузахь дIатарвала гIерташ, и дерриг а девзаш вара иза. Оцу халонех со суо а чекхваьлла хиларна, цундела "Сийлахь стаг" киночуьрчу терпалхочун васт гергара хета суна.

Маршо Радио: Хьоьца цхьана филмехь хьан кIентан рол ловзийнарг хьан гергара вара..

Сугаипов: ХIаъ. Сан шичин кIант ву иза. И кIант ша жима волуш дуьйна, оха массара а кхуьнах диканиг актер хир ву а олуш, къаьсттина похIма долуш вара.

Маршо Радио: Цуьнан дахар кхи дIа муха нисделира? Цул тIаьхьа цуьнца кхи филм араяьллий?

Сугаипов: Цо киночохь дика гайтира ша. Соьга хаьттича, цу филмехь массарчул а дика рол ловзийра цо. Цул тIаьхьа кино чохь васт гайтина дац цо. Иза школехь доьшуш ву укъачунна. Дешна ваьллачул тIаьхьа шен лаам хилахь, хир ву цунах актер а. Бакъду, цуьнан да-нана дуьхьал-м дац цо хаьржжинчу некъана… Дикка воккха а хилла иза, шо дара тхойша ганза. Бутт хьалха гинера суна иза. Воккхахилла, дегI даьккхина цо.

Маршо Радио: Со гал ца яьллехь, хьан 15 шо дара, даймохк дIатосучу хенахь. Цул тIаьхьа 11 шо даьлча дуьххьара бIаьрг тоха вахара хьо винчу лаьтте. Муха хийтира хьуна керлачу гIалин васт? Муха тIеийциар хьо Соьлжа-ГIалано?

Сугаипов: Гуш ду гIала юхаметтахIоттийна хилар, хаза ю вайн гIала. Милла а кхузара сайца цига вигина, дIагайта а юьхькIам болуш. Делахь цхьа сингаттаме дара суна цигахь. ХIунда аьлча, со кхиина, ас идийна некъаш суна ца карийра цигахь. Со жимчохь левзина меттигаш, тхан цIа лаьттина меттиг, тхан уьйтIе, тхо доттагIашца футбол левзина майда, и дерриге а дагаоьхура суна..

И меттаигаш ца гуш са хьийзара сан, дагалецамашка вуьйлуш. Тоххара сан бераллехь суна хеттачул а жима яра гIала, хьалха йоккха хетара суна и.

Маршо Радио: Тахана социалан машанашкахь дукхха а къийсамаш хуьлу, «хьан», «тхан» боху лексиконаш юкъаялар бахьана долуш. Нохчийн къам шина декъе доькъу дуккхаъчара, Европехь беха нохчий шайх дIа а къастош. Хьуна лазаме хетий и къестамаш бар? Я бен а ца хета?

Сугаипов: Суна чIоггIа халахета. Ас цхьа а ца къаставо, я вайнгиг а, я кхин къаьмнаш а. Ша адам бакъахьа хилчхьана, суна бен дIа ца хилла, и миччара велахь а, Iаьржа велахь а, кIан велахь а, муьлхачу динан векал иза велахь а. Адам дезаш ву со, гергарлонаш тIе а узу ас. Иштта кхиина ву со.

Вайн чуьранаш берриш гергара хета суна. Вовшашца дов я цакхетам хилча а, цхьа къам ма ду вай. Со а тIеIоттало иштта комментарешна социалан машанашкахь, «мохк дIатесний», «хIара дуй», «и дуй» бохуш, дIатоьттуш.

Цхьа наггахь волчунна иштта хетарх, массеран а дагахь и ойланаш ю аьлла ца хета суна. ХIоранна а шен-шен истори а, бахьанаш а ду мохк дIатасаран а. Суна вай цхьаъ хетта, миччахь велахь а, Iийнехь а.

Маршо Радио: Мацца дахана а цкъа цIа гIур ду тхо олуш хеза махкал арахьа бехачу вайнаха. И ойланаш хьан коьрте а оьхуш хир ю. Юха а, цигахь ас хIун дийр ду, стенна пайден хир ву со бохучу хеттаршца хьуо хьайца къамеле вуьлуш хир ву хьо. ТIаккха муха жоьпаш карадо хьуна оцу хеттаршна?

Сугаипов: Суна хаа-м ца хаьа, айса цIахь хIун лелор дара. Амма суо цигахь тарлур вари-м хаьа суна. Сайна цигахь самукъане хир дарий а хаьа суна, со цигахь вовр воций а хаьа суна. Суна безаш дуккха а нах бу цигахь. Цкъчунна хIара, иза лелор дара айса ала суна хаа-м ца хаьа. Я кестта цIа гIур ву аьлла ойла а яц сан.

ЦIа воьдуш хилча а, ши куьйг ластийна ваха а ца лаьа суна, сайх цIерачарна бала а ца беш, цхьа зеделларг долуш, цхьанна пайден а хир волуш гIур ву водахь а. Сан да, нана, доьзал берриг кхузахь бу. ЦIа дерза дага дагIахь а, цхьаний гIур ду тхо. Хьан доьзал болччахь бу-кх хьан даймохк.

Радио Маршо: Хьуна ваха аьхна долччахь бу-кх даймохк…

Сугаипов: Суна аьхна ду-кх сан доьзал а, гергара нах а болччахь

Актераш: Сугаипов Сурхо а, Жереми Ренье а
Актераш: Сугаипов Сурхо а, Жереми Ренье а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG