ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемало хилла аьлла нохчо лаьцна Италехь


2014-чу шарахь Соьлж-Iалахь "Зорбанан цIана" динчу тIелатарехь дакъалаьцна хила мега аьлла, нохчо лаьцна Италин лерринчу сервисаша, хаам бо РИА «Новости» агенталло, La Repubblica газетана тIетоьвжаш.

Цу газето яздарехь, иза ву 38 шо долу Нохчийчура схьаваьлла стаг. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Иза вехаш хилла Италин къилберчу Апулия кIоштахь.

Нохчо бехке веш ву Италин Iедалша дуьненаюкъара террорхо хиларна. Соьлж-ГIалахь тIелатарехь дакъалаьцна ца Iаш, цу стага тIом бина Шемахь террорхошна юкъахь, хаам бо РИА Новости агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG