Кху деношкахь социалан машанехула гIарадаьллера нохчийн ду бохуш, Шемахь а, Иракъехь а долчу берийн сурташ а, видеош а
Цхьа йоI яра куьйгаш дIа а дихкина, лазийна. Жима кIант а вара цхьаьна Iаьрбочун карахь, боккха можа Iаж бууш. Хьаьрса еха месаш яра цуьнан. Иза а нохчо ву.
И кIант Iаьрбочун карахь волчу хенахь, букъ тIехь долчу гIишлойн херцаршна юккъехула лаьцна схьавалош вара цхьа стаг. Иза цуьнан да ву.
Нохчийчохь и видеош а суьрташ а гинчул а тIаьхьа, дукха наха, цунна саготта болуш хеттарш дора, шаьш хIун дича гIо-накъосталла хир дара бохуш. Оцу шинан беран кхолламах саготта хьийза Урдунера нохчий а.
Цара а некъш лоьху, уьш шайн гергарчарах дIа муха тухур бара-те бохуш.
Видео тIехь волчу оцу жимачу кIентан нана Нохчийчохь ехаш ю. Иза Ашаханова Залиха ю.
Цо Маршо Радиога дийцира и кIант шен хиллачу цIийндас лачкъа а вина Шема дIавигнера аьлла.
Ашаханова: "2015 шарахь дас лачкъа а вина дIавигнера иза Украинан дозане. Цигара Шема, Мосуле дехьаваьллера. Цигахь бехаш бара уьш".
РМ: Хьуна муха-маца хиира цига дIавигина вуйла иза?
Ашаханова: "Цхьа жимма хан яьлча хиира. Шен ненаца зIенехь вара иза. Кхаа баттахь цкъа зIене волура. Мангал-беттан 29-чу дийнахь зIене ваьллера иза, ша лазийна ву аьлла. Шайн хьал а дика дац бохура цо. Товбецан-беттан 15-чу дийнахь и видеоролик гича хиира тхуна иза Иракъехь дIалаьцна вуйла".
РМ: И хьаьрса месаш йолу кIант вуй хьайниг?
Ашаханова: "Ву. Иза ву сан кIант ву Билал".
РМ: "Оцу кIантан тIаьхьа ву схьавалош цхьаъ. Иза м вац цуьнан да?
Ашаханова: "Ву. Иза ву. Эха шарахь цкъа зIене волура иза ша дийна вуй хоуьйтуш".
РМ: КIант хIунда вигина ша бохура цо?
Ашаханова: "Иза ца хаьа. Шен кIант шена везарна вигина хир ву-кх. Иза шеца хила веза бохуш".
РМ: Ахь цуьнца къамел деш хоттурий, хIунда вигина ахь оцу тIама юккъе иза?»
Ашаханова: "Тхоьга цо ладугIуш дацара".
РМ: Хьо цуьнан цIар тIехь ярий цо иза дIавуьгучу хенахь? Кхин бер дуй шуна юкъахь?
Ашаханова: "Яцара. Иза цхьа бер бен дац тхан".
РМ: КIант хьайн дIавигинчул тIаьхьа Iедале а яьлла, иза лаха гIоьртирий хьо?
Ашаханова: "Оха Iедале кехат чуделлера тхайн ма хиънехь. ГIадужу- беттан 26-чу дийнахь дIавигнера иза, оха 27-чу дийнахь арз дира Iедалшка бер лачкъа а дина, Шема дIадигина аьлла. Билгала цига вигина аьлла тоьшаллаш дацара юьхьанца, амма шеконаш яра".
РМ: "Оцу видео тIехь Iаьрбойн маттахь къамел до цо. Цигахь Iамийна хир бу-кх цо иза?
Ашаханова: "Сиха Iамийна цо и мотт. Цхьа шо ах шо ма даьккхина цо цигахь. Цуьнан дас Iаьрбойн зуда ялийнера. Цигахь и мотт бен буьйцуш а ма бацара".
РМ: Селхана цхьа хаам бара хьо кхузара прокуратуре яхана хилла аьлла. ГIодийр ду эларий цигахь?
Ашаханова: "Прокурора тIеийцира тхо. Омраш а делира и гIуллакх тидаме эца аьлла. Берийн бакъонашкахула векалца а цхьанакхетар дира".
РМ: Хьо дог тешна ю-кх хьайн кIантца кестолгIа цхьанакхетар ю аьлла?
Ашаханова: "Дера ю-кх, Дала мукъалхь!"
РМ: Ахь хIун эр дара иштта хьан кIентан да санна, бераш а эцна тIам тIе баханчаьрга? Уьш шаьш бахар-м цхьаъ дара -цхьана хIуманах Iеха а белла лелаш хир бу уьш.
Ашаханова: "Суна ца хаьа церан коьрта чохь хIун ду. Суна хIун ала деза а ца хаьа. Со хIинца а кхеташ яц-кх оцу нехан коьрта чохь хIун хилла".
Эзарнашкахь нохчий бу ДаIишан могIаршка а бахна Шемахь а, Иракъехь а тIемаш беш. Цаьрца дуккха а бу баккхий доьзалшца цига бахна а. Цхьаберш берийн дайшна, я наношна ца хоуьйтуш дIаихна а бу.
Дукхачеран кхоллам дика ца хилла. Уьш беллачул тIаьхьа, церан кхуьу бераша дузур ду дерриге а дуьненах лата арадаьллачу эскаран могIарш.