Оьрсийн мотт пачхьалкхан синмехаллийн бух бу аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Москохахь къаьмнийн юкъаметтиган кхеташонехь дакъалоцуш.
Ша реза вац аьлла цо, къаьмнийн республикашкахь оьрсийн мотт хьехар лахдан деза бохучунна. "Ненан мотт боцург нуьцкъах Iамабайта а мегар дац, амма оьрсийн мотт хьехар а къийла мегар дац", - аьлла луучу агIора тида мегар долу дIахьедар дина оьрсийоьнан президента.
Маттах лаьцна дийца долийча, юха а гIотту ненан маттаца даим иралаьтта хаттар. Нохчийн меттан говзанчаша цхьана озаца кхайкхадо иза вонуо вочу хьолехь бу бохуш. Филолога Вагапов Iарбис цул совнах билгалдоккху, иштта хьал цхана нохчийн маттаца хилла Iаш доцийла.
Мел долу кегий къаьмнаш ду оцу хьолехь, элира цо Маршо Радиога вистхуьлуш.
Вагапов: "Нохчийн мотт хилла а ца Iаш, дукха кегийчу къаьмнийн хьелаш а дика дац хьуна. Нохчийн мотт ларбо богIуш, вай цхьацца конференцеш а, гуламаш а, даздарш а леладо. Суна гарехь уьш кIезга хIуманаш ду. Пачхьалкхан мотт бу аьлла дIакхайкхича, гIулчаш яха еза иза ларбарехь".
Нохчийн меттан гIуллакх дуьцучу хенахь, дукхачара Iедалан бехк буьллу, тхуна Iамо хьелаш ца ло олий. Амма иза бакъ ца до Вагапов Iарбис. Доьзалшкахь бийцар сийлахь хеташ ца хилча, дан хIума дац элира цо.
Вагапов: "Уггаре а коьрта бехк ден-ненан бу. ЦIахь цхьаммо а новкъарло ма ца йо иза бийцита. Оьрсийн дешнаш юккъе а догIуш буьйцу. Ма бийца аьлча а, иза шен сица хилча дан хIума дац".
Нохчийчохь оьрсийн меттан хьал а дика ца хилар тидам бо цуьнан говзанчаша а. Гуьмса кIоштерачу ишколехь хьехархо волчу Музаев Ильяса иштта элира цуьнах лаьцна.
Музаев: "10-11-чу классашкахь каракхочу суна дешархой. "Папа", "мама" а язъян а ца хуучу хьехархоша хьалхарчу класскашара Iамийна схьабахкийна хуьлу уьш. Ледара ду оьрсийн мотт хаар. ЧIогIа ца беза иза. ТIеман заманна тIахьа дина бераш ма дай уьш".
Оьрсийн мотт нохчаша Iамо а, ха а а безаш хиларна шеко яц Музаев Ильясан. Оьрсийн пачхьалкхера харцо гина дела дастаме хета цхьаболчарна, амма меттан бехк бац къомо лайначу Iазапан, аьлла кхин дIа а дийцира цо.
Музаев: "Оьрсийн моттт Iамо а беза вай, бийца а беза. Вай лайна бала а , Iазап а, амма меттан бехк ма бац. Иза Iедалан бехк ма бу".
Ишколера мукъа хан йолчу дешархоша арахь жигара буьцучу нохчийн а, оьрсийн а иэбинчу матто гойту хьал моьттучул а чолхе дуйла.