ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мосулехь лецначу зударшна юкъахь ю нохчи


Иракъерчу эскархоша Мосулехь дIалецна ю «джихадехь» дакъалаца яхана хилла 20-х зуда. Царах 4 ю Герменера. Ткъа царах цхьа зуда ю Нохчийчуьра орамаш долуш. Цунах лаьцна хаам бина немцойн Die Welt газето.

Нохчийн зуда регистраци йолуш ю Германин малхбузерчу Детмолдехь.

Мосулехь лецна Германера зударий латтош бу карарчу хенахь БагIдадехь. Цигахь цаьрца цхьаьнакхетта немцойн векалаллан белхахой.

«Немцойн аз» зорбанан гIирсо бинчу хаамца, Берлин шега далург деш ю и зударий Германе цIабало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG