Нохчийн берашлахь а, кхиазхошлахь дукха бац аьхкенан мукъачу хенахь исбаьхьаллин литературах марзо оьцурш.
Хьалха 1970-1980-чу шерашкахь, воьдуш-вогIуш, я хуьлда иза жехь я бежехь, я дуьххьала дIа Iаламехь хина Iаш, киншка кара а лаьцна божабераш я зудабераш, милла а гар могIарера гIуллакх дара.
ХIинца ишта сурт гар тамаше хетало, нохчийн доьзалехь, хIусамнанас шен куьйга йина сискал, боврсакх, чукхлан, хьокам я пишка гар санна.
Исбаьхьаллин иртах Iехаделла жарги тIедирзина бер я кхиазхо ган сатийсар эрна хиларх шек а ваьлла, со урамехула волавелла, мел гергарло леладо дешарх мукъадолчу бераша киншкашца бохучу хаттарна жоп каро.
Маршо Радио: Со Соьлжа гIалин кIоштан цхьана эвлахь ву. Бераша долу меттиг лохуш ву со. ДIогахь кхо-виъ кIант ву. Цаьрга хоттур ду хIумма а ешна я ца ешна. Башха со гучоххьа-м бу моьттуш вац со и кIентий. Телпонна тIебирзина бохкуш бу. Хуур ду-кх цаьргахь хIун доллу.
Хьо муьлхачу классехь ву? - ВорхIалгIачу классехь. - Кху мукъачу хенахь ахь хIун киншка ешна? - Цхьа ца ешна! – Ахь ешний? – Ешна!. - ХIун яра ахь ешнарг? - Цхьа стомма а йолуш киншка-м яра и. - Хьо моссалгIачу классехь ву? - 8-чу классехь. Цхьа ца ешна ас-м. Суна ца лаьа и еша…
Керланиг довза, шайн хаарш шордан, байташ ешна а, гIадал гIаддайча дийцар дешна а исбаьхьаллин литератураца гергарло карладаккха хьагам болуш ца кардора зудабераш а. Оццу Соьлжа гIалин кIоштерчу эвлара бу со хеттаршка вийлина хIара кхиъна богIу мехкарий а.
Маршо Радио: Аш хIун ешна каникулашкахь?
Зудабераш: "ЦIе дага-м ца йогIу суна,еша-м ешна ас.
- ХIумма а ца ешна. -
Нохчий маттахь ас цкъачунна ешна хIумма а яц, амма еша дагахь ю со.
- Нохчийн яздархойх хьуна мила дагавогIу?
- Цхьа ца вогIу. - Хьуна? - Мамакаев Iаьрби.
- Оьрсийн яздархойх мила вевза шуна?
- Пушкин Александр.Толстой.
- Нохчийн яздархо дага ца вогуI?
- Бицбелла.
Мелла а алсам къамел хилла сан литературах а, яздархойх а Теркйист кIоштерчу кхиазхочуьнца Салманца. Ишколехь, дика дешархо ларалуш велахь а, иза а вацара исбаьхьаллин литература йовзарехь кIаргвелла кхин кхиамаш болуш а.
Салман: Каникулашкахь байташ ешна ас…
Маршо Радио: Яздархойх мила вевза хьуна?
Салман: Ящуркаев Султан а вевза…Кхин дага-м ца вогIу….
Маршо радио: Шайн яздархой бовза ца беза.
Салман: Бовза беза.
Дай-наношна леткъамаш бар доцург некъ ца го берашна, нохчийн мотт-литература а, цаьрца цхьаьна гIиллакх-Iадаташ довзийтарехь беркате, пайдехьа тIеIаткъам бан. Телпон чуьра ца довлучу берашна сагатдечех бу хIусамнаной Ийман а, Совдат а.
Ийман: "ХIорш цхьа хIума йоьшуш а бац,я бала а бац. Цу телпош чу а бирзина Iаш бу. Сайниш а бу, неханаш а бу. Деша ца баьхчахьана кхидерг дерриге а леладо. Бала бацар ду-кх. Хьалха кегийнарш дийнахь сарралц ловзуш,хьаьвдда-бевдда лелара,хIинца чу а боьлла Iаш бу,эгIийна хIумнаш санна…"
Совдат: "Валлай хаац суна-м царна хIун дан деза. Дешарна бала ца кхочу. ТIетеIабарх гIуллакх а ца хуьлу".
Шовзткъа шарахь гергга ишколехь къахьегна ю филолог, нохчийн меттан а литература а хьехархо Музаева Лиза.
Лиза: "Деша лууш бац. Яздархой а ца бевза. Киншкаш ешар, шайн къоман исторех, хиллачух, хиндолчух доьзна а дуй а ца хаьа.И кхетам банне а бац. Бу боху оьрсийн яздархой а ца бевза. Ешнарг а букъ туххушехь йицьелла карайо..И киншкаш ца ешаро хаза нехан санна маттана эшам бой-м хаьа суьна. Цу телпонаша а,кампутерша а… Цу телпонаша а,кампутерша а кхетам дIалаьцна-кх берйн. Нисса бийца а ца хаьа мотт. Йоза-м данне а дац…"
Дай-наноша а, хьехархоша а, яздархоша-м муххале а, мохь бетташ дийца, кхайкхо некъ цахиларе терра шайлахь дийцаре де-ш лаьтташ ду, нохчийн литература а, ненан меттан а бала кхачийта Iедалехь болчара лащдаме гIулчаш яха езаш хилар, махкахь кест-кеста вовшахбеттачу синкъерамийн а, ловзарийн а санна бала а кхаьчна.