Нохчийчуьрчу дешаран министраллан сайта тIехь таро ю контент ингалсан, немцойн, францхойн, Iарбойн меттанашака яккха, амма бац царлахь нохчийн мотт.
"Google луш бу и гIирс, ткъу цу чохь бац нохчийн мотт. Европахойн 3 мотт а, Iаьрбойн мотт а къасторан бахьана хIун ду аьлча, Европера дуккхаъчу наха пайда оьцу сайтах, тхайн динамика тергонехь латтош ма ю оха", - аьлла, кхетийна «Кавказ.Реалии» ресурс министраллан пресс-гIоьнчаллаша.
Иштта, цара билгалдаккхарехь, сайтехь агIо ю нохчийн маттана тIехьажийна, ю ишта лерина кхоьллина ресурс а, цу тIехь ненан мотт Iама а беш.
«Кавказ.Реалиис» махкарчу 16 министраллан сайташ зийра, амма ца карийра ненан маттахь йоза а, массанхьа а яра оьрсийн маттахь верси.