Австрера нохчий ХьаьжцIа баха новкъабевлла оршот а, шинарин а деношкахь. Хьаьж дан арабевллачийн хьалхара тоба Марсхьокху-беттан 21-чохь Венерчу Швехат кеманийн портера новкъабевлира. Кхин а шиъ нохчийн тоба ю еариндийнахь а, пIераскандийнахь а дIаяха кечам бина.
ХIора шарахь Австрерчу диаспорера юкъарчу хьесапехь 60-70 нохчочо кхочуш до хьаж. Царна юкъахь зударий а, кегирхой а хуьлу. Маршо Радионе Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонехь бинчу хаамца, СаIудийн Iарбийн пачхьалкхе ХьаьжацIа вахар нохчашлахь вовшахтухуш Венера „ТабиIийн“ цIе йолу нохчийн маьждигера имамаш бу.
Некъан хеттарш а, дIакхаьчча Маккахь а, Мединехь а дIатарбалар а, хьаьж чекхдаьлча юха цIаберзар а оьшучу тIегIан тIехь дIадахьа гIо до цара бусалба динан пхоьалгIа парз кхочушдан луучарна.