Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тоьшаллаш дина 2016-чу шарахь аьхкенан юьххьехь шена тIелатар дар хьокъехь таллам дIахьош, хаам бо Росбалт агенталло.
Гуьмсен кIоштан кхело бинчу сацамна, тIехь гуш ду Кадыров хилларг толлуш левина хилар а, цо дина тоьшаллаш суьдехь довзийтина хилар а.
Кадыровс хаам бина, ницкъаллин структурийн белхахошкара ша вен дагахь тIелатар дан кечам хиларх лаьцна хиинера шена аьлла. Цара дIалаьцнера кхо нохчи. Царна хIоранна а 100 000 доллар ахча лур ду аьлла хиллера.
Кадыровс дийцарехь, Бена воьдуш хилла. Цигахь иза ларван сацам бина хилла цу наха, некъах бомба а йоьллина.
Цу гIуллакхо моралан зе дина шена а аьлла дIахьедар а дина Кадыровс.
Гуьмсерчу кхело Кадыров Рамзанна тIелатар кечдарна 6 шо 6 бутт набахтехь яккха хан туьйхира Ямадаев Iийсан хиллачу гIаролхочун Альвиев Iаьзизна а, «Восток» батальонан эскархо хиллачу Закараев Бесланна а, цуьнан лулахочун Магомадов Шамханна а. Цара даре дира шаьш бехке хилар. И бахьана долуш церан гIуллакх ша къастийна суьдо.
Кадыров вен веза аьлла омра делла волчу Ямадаевн гIуллакх ша къастор долуш ду. Иза дIаделла Оьрсийчоьнан тIеман министраллан органашка.
Ямадаев Iийса Кадыров вен дагахь хиларх лаьцна тоьшаллаш динера Альвиевс а, Закараевс а, Магомадовс а. И нах лар йоцуш байнера 2016-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь, ткъа официалан кепара уьш лецна хилар кечдинера талламхоша 2017-чу шарахь.