Мел ирсе лору шаьш нохчийн зударша? Цу хаттарна луш долу жоьпаш вуно чIогIа бен-башхалла йолуш ду.
Кху тIаьхьарчу 7-8 шарахь Нохчийчохь ламаст а хилла дIахIоьттина, леррина цхьаьнатохаран комитет а кхоьллина, вайнехан зудчун де даздарна тIехьажийна кечамбар.
Цу декъехь байлахь ца дисна карара шо а. 2009-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш долчу цу денна кечамбар лаккхарчу тIегIанахь хила деза аьлла, дIахьедина мехкан куьйгалхочо. Цунна хетарехь, хIора шарахь, Гезгамашин - беттан кхоалгIачу кIирандийнахь дIахьуш долу зударий базбар, церан сий-ларам баран шатайпа гайтам хила хьакъ бу кхушара а.
Кху деношкахь официала тIегIанахь нохчийн зударий хьокъехь махкахь деш долчу хастамечу къамелийн къоьлла яц. Ткъа хIун аьлла хета могIарерчу нахана? Цу хаттарна дукха наха деллачу жоьпашлахь йоккха бен-башхалла карайо.
"Нохчийчохь мел йолу зуда ю-кх ирсе!"
Масала, гIеххьа даржаш а долуш, Iедалехь болчарна тахана ирсан дай лору зударий. Царех цхьаъ ву Шелан кIоштера Чантиев Сапар.
Сапар: "Нохчийчохь мел йолу зуда ирсе ю-кх. Дала декъалбойла уьш. Нохчийн зударий декъалбан хьакъ бу. Мел халонаш лайна цара! Тахана цхьа делан къинхетам а хилла, лап аьлла кхетта дашо малх санна, серла а яьлла, зударийн «хах!» аьлла самалха а даьлла, шайн берех а, хIусмех а баккхий а беш, баха охьахевшина. Дала дукха бахабойла уьш!"
Вайнехан зударий турпалхой лоручех ву Соьлжа- ГIалара историн Iилманан говзанча Мусаев Ваха. Бакъду боху цо а, Iедалдайша зударшна доькъуш долу совгIаташ, гуттар а ган а гуш, шайна хьалха болчарна делла ца Iаш, кхечарна, гIийла бохкучарна кхачийтача гуттар а дика хир дара.
"Оьрсийчохь белхьара, сийлахь турпалхой бу бохуш, туьйранашкахь буьйцуш хир бара зударий"
Ваха: "Шаьш болчарна эша ма бойла вайнехан зударий. Шина тIамах бевлла нохчийн зударий Оьрсийчохь белхьара сийлахь турпалхой бу бохуш туьйранашкахь буьйцуш хир бара. Хийла кIенташна гIо деш, гуламашка хIуьттуш, доьзал хене боккхуш, шина тIеман халонаш лайна цара.ЦIийндай дIа а бевлла, шаьш бисина зударий дукха бу. Церан терго яр дара Iедалхоша уггар хьалха тидаме эца дезарг".
Зударийн сий-лерам бар, терго яр Нохчийчохь яхьний, цIарний лелош лору цхьаболчара. Уьш хIумма а кIезга а бац. Вайнехан нанойн, йижарийн кхузахь бечу лерамах рогI-рогIана дуьйцуш ву Новр кIоштера вахархо Леча а, Теркйист кIоштера Хьусайн а.
Леча: "Суна ца хета нохчийн зуда ирсе. Шина тIамах чекхбовлуш мел вонаш гина царна!? Соьга хаьттича, нохчийн зударий маьрша бац. Маьрша ца хилча хIумма а дуьйцийла дуй? Базбеш-м бу зударий, амма, бакъдерг дийцича, царех даггара дог лозуш бац урхаллехь берш".
"Зуда, хьайба санна яцош ю-кх, хьайбана метта ю-кх иза"
Хьусайн: "Бан безачу лараме хьаьжча, нохчийн зуда ларам бина яц, цуьнан дог оьцуш дац. Иза юкъараллехь цхьана а кепара дакъа долуш а яц, дош долуш яц. Хьайба санна яцош ю-кх, хьайбана метта ю. Яцош ю. Маьрша а бац нохчийн зударий. Буххера дуьйна а бац. Бусалбан динехь олуш ду-кх, стигланаш ненан когашкахь Iохкуш ю. Нана зуда елахь, тIаккха нана мел чIогIа лара йогIу. Кху чохь зудчуьнан цхьа аз дац я цуьнан шен «со» а дац".
Шаьш зударша мел ирсе лору шайн дахар? ЦIе яккха пурба а луш, цу хаттарна бакъ-жоп дала хIуьттуш ца карийра Iедалан балхахь болу зударий-м стенна буьйцу, цIийнаналла лелош цIахь Iаш берш а. Ца хIуьттура шайна хетарггий, Iедалхоша нохчийн зударех туьйранашкахь санна дуьйцурггий вуно бIоста нислуш хиларна.
Шен хьажам бовзийта хIоьттинчех цхьаъ ю Соьлжа-ГIалин кIоштан Дойкар эвлара яхархо Йисийта.
"И цхьа ши зуда ирсе ю, ткъе шийтта зуда балехь ю"
Йисита: "Зударий базбо бохуш, уьш бацахьара йиш яцара бохуш мел лелош дерг сунна Iедалехь болчара шайна синкъерамна лелош хIумнаш хета. Тхо ирсе ду бохуш хабарш мел чIогIа дуьйцу. Мичахь ду те и ирс?. Со а, сан цIийнда а пенси тIехь Iаш ду. Болх-некъ боцуш лелаш бераш ду. Хилча муьлхха а болх бийр болуш а вара и ши кIант. Цхьаъ институт яьккхина а ву. Болх ба-м бац.
Тхо а санна йиш йоьхна, хала хене бовлуш мел дукха нах бу. ТIаккха зударий ирсе муха хуьлу? И цхьа ши зуда ирсе ю, ткъе шийтта зуда балехь ю! Церан цу ловзарех, синкъерамех самукъа са-м ца долу. МоттаргIанаш ю лелош ерш".
Хастаме мел дукха яздарх, мел деза - доккха дийцарх сов хир доцуш, доьналлин хьуьнарш гайтина шина тIамах чекхбеллачу нохчийн зударша.
Ишта хьажам бу церан хьокъехь дукхахболчу бахархойн а.