ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Зудчун бакъо хила еза дIаяха а"


Алиева марем
Алиева марем

Ши шо а даьлла шен хIусамехь гIело латтийна ГIалгIайчуьра Алиева Марем тIепаза яйна. Цуьнан гIуллакх таллар меттигерчу Iедало тесна дитина аьлла, Европан кхеле латкъам бина цуьнан гергарчара.

…Дукха идира Марем цIера, цуьнан цIийндас Евлоев Мухьарбека етташ хьийзорна, амма хIоразза а цIийндас юхаялайора иза.

Накъосташца ши шо хьалха шен стунйиша Елизавета а, цуьнан хIусамда а лачкъийра цо, шех едда яхана зуда мичахь лечкъина ю дийцийтархьама.

2015-чу шарахь ГIадужу-беттан 19-чохь шен йишига Елизавете телефон тоха кхиира Марем, цIийндас Iазапехь латтош ю ша, тIаьххьара цIера ядар а, полици арздар а дуьхьал детташ, аьлла.

Оцу сохьта орцах кхаьчначу йишина чохь карийра дилхина церан кхо бер. Цара дийцира, цIийх юьзна шайн ненан месаш шайна гина хиларх.

Ша Марем кхи цхьа а лар а ца юьтуш, яйра.

Хьем ца беш полици хаамбира Елизаветас, амма бехкзуламан гIуллакх ши кIира даьллачул тIаьхьа бен ца диллира.

Ткъа хIинца талламбар сацийна, бехкеозо шеконаш йолу стаг кара ца во аьлла.

Стохка Чиллан-баттахь Елизаветас латкъам бира Европан кхеле (ЕСПЧ), шен яйна йиша лохуш меттигерчу Iедало кхачо йоллу талламаш дIа ца хьо аьлла. Еврокхело чуэцначу латкъам тIехь билгалъяьккхина Европан Конвенцино ларъян тIеэгийначу адамийн бакъонех кхо артикл хьоьшуш хилар: дахаран бакъо, къизалла, дискриминаци.

Иштта дIахьедарехь билгалдаьккхина, ницкъаллийн структурийн белхахой Марем ца ейта ца гIоьртина хиларх, дукхазза цо аьрзнаш диннашехь, шена тIехь майрчо латточу гIелонех. Евлоев Мухьарбека ша а тIечIагIдора и бакъхилар.

«Бакъонан инициатива» организацин юриста, АлиевгIеран гIуллакх лелочу Гнездилова Ольгас боху: "Евлоев Мухьарбеке барт-хаттам оха бечу хенахь, цо бакъдира, наггахь зудчунна етта ша аьлла. Цуьнан шен бехк бу бохура цо. Полицино тергал ца дора цо чохь латто Iазап.

Оха а дира арз, оцу доьзалехь дискриминаци ю латтош аьлла, хIунда аьлча Оьрсийчохь лелаш низам дац хIусамехь ницкъбар дIахьедеш, дискриминаци хилар ма ду и, хIунда аьлча, уггар хьалха зударша бала хьоьгу оцу тIехула".

Нагахь санна, адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъхьара жоп лахь, оьрсийн Iедал декхаре хир ду Марем еран гIуллакх эвсара листа. Полисхойн дезар ду талламаш дIабахьа.

Марем яйначу деношкахь цуьнан лараш ца лехаран бахьанашца, хIинца хало хир ду бахьанаш лоьхуш аьлла «Кавказ.Реалии» портале юриста Гнездилова Ольгас.

"Цул совнах, оха сатуьйсу Кхело шена хетарг аларе, Оьрсийчохь хIусамехь гIело яр доьхкуш низам цахиларх а. Цхьа могIа пачхьалкхашкахь кхело я полицино доьхку стагна, нагахь санна цкъа зудчух иза леттехь, шолгIа цунна герга ваха. Зудчун бакъо хила еза дIаяха, иза лаца гIерташ, тIаьхьа уьдуш цхьа а воцуш, масала, Мареман гIуллакхехь санна. Масийттазза дIа ма йодара иза цIера, майрачо юхаялайор-кх", - дуьйцу юриста.

Стохка Чиллан-баттахь «Бакъонан инициатива» юкъараллан адвокатийн гIоьнца зулам дарна бехке а лерина, кхеле озийра Евлоев а, цуьнан гергара стаг Парагульгов Мурад а. Хенаш а кхайкхийра царна набахтехь яккха, цхьанна 6 шо, вукхунна 5.

Делахь а, байначу баттахь ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело маьршаваьккхина и ший а.

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле арз дахьийта кечамбеш бу «Бакъонан инициатива» организацин адвокаташ.

Гнездиловас бахарехь, карарчу хенахь юристаша луьстуш ду кхелан кхеташонийн протоколаш, хIунда аьлча, тешхIиттинчара тIаьхьий-хаьлхий хийцийна шайн кийтарлонаш. Хьалхо бехира цара, шаьш полици кхайкхира, Евлоевс Елизавета а, цуьнан майра а дIахийцира полисхойн машен шайна тIаьхьахихкинчул тIаьхьа аьлла.

Ткъа юха тоьшалла дина цара, полисхой аьттехьа а бацара, бохуш.

Ишта полисхоша а хийцина шаьш юьхьанца далийна тоьшаллаш. Шаьш урамашкахула къепе ларъеш хехкалуш дара, аьлла цара а.

Оцу бахьанашца, кхело хийцина Евлоев Мухьарбекан а, Парагульгов Мурадан а хьокъехь шайн сацам.

"Тхуна коьрта ду хIара бехкталламан гIуллакх Москох листар. Халахетарг ду, хIара гIуллакх толлуш новкъарло хилар АлиевгIеран гергарчарна туьйсу кхерамаш бахьанехь. ГIалгIайчуьра дIаяхана Лиза юьйр ю бохуш, кхерамаш тийсинчул тIаьхьа, суна хетарехь, юхайогIийла хир дац цуьнан. Цунна тIехIотта, цуьнга гIодаккха стаг а вац.

Махкахь йисина Лизин, Мареман кхи цхьа йиша. Масех де хьалха божарий баьхкинера иза йолчу цIа, Лиза йолу меттиг хоьттуш.

Нагахь санна, Марем лоьхучуьра ца совцахь, шаьш бекхам бийр бу баьхна цара", - дуьйцу «Правовая инициатива» организацин юриста Гнездилова Ольгас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG