Дешаран а, Iилманан а министаралло кехат-йозанехь арадаьккхина а доцуш, барта ишколашка дIасадахьийтина омра ду махкахь дахаре дерзош. Оцу омраца юха а балхара бохош бу хенара хьехархой. Официалан а доцуш дешаран урхалло хадам боллуш хьаькамашна билгалдаьхна ишколашкара дIабаха безачу хьехархойн терахьаш.
Пенсехь болу хьехархой маьхькIамхоша балхара дIабахар, (низамо магош дацахь а, уьш мел говза, зеделла белахь а) шатайпа лазаме ламаст а хилла дIахIоьттина Нохчийчохь.
Маршо Радионе шаьш хьехархоша а, ур-аттал цхьаболчу ишколийн директорша а даре а деш, дIабаьхначу хьехархойн метта схьаоьцуш берш похIма а доцу кегийрхой бу.
Теркйистерчу кхаа школера дIаваккха кхайкхина кху деношкахь 21 хьехархо.