ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисехь жигархочо охьаяьккхина консерваторин гIишлон тIеоьллина Оьрсийчоьнан байракх


Тбилисехь жигархочо охьаяьккхина консерваторин гIишлон тIеоьллина Оьрсийчоьнан байракх.
Тбилисехь жигархочо охьаяьккхина консерваторин гIишлон тIеоьллина Оьрсийчоьнан байракх.

Тбилисехь дуьненаюкъара фестивал дIахьочу консерваторин коьртачу гIишлон, кхечу пачхьалкхийн байракхашца цхьаьна, тIеоьллина Оьрсийчоьнан байракх, схьа а яьккхина, этIийна Гуьржийчоьнан "Гуьржичоьнан антиоккупацин болам" олучу юкъараллан жигархочо Гергедава Онисес. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион корреспонденто Кобаладзе Георгийс.

Социалан машанех пайда оьцучу Гуьржийчуьрчу бахархоша гIортор йина Гергедавас дIаяьхьначу акцина. Iедалша, тергал а ца деш, дитина цо динарг. Хиллачух лаьцна видео социалан машанехь зорбане яьккхина ларамаза цигахь тIехволуш хиллачу цхьана стага.

Цу видеон къеллахь комментареш йитинчу наха къобул дина жигархочо динарг, Гуьржийчохь лаларца тIоьцу Оьрсийчуьра туристаш а, музаканташ а, амма байракх «Гуьржийчоьнан ши регион – Абахази а, Къилба ХIирийчоь а – дIалаьцначу» пачхьалкхан симбол хилар, билгал а доккхуш.

Полици цига еанехь а, юкъа ца гIоьртина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG