Донбассехь тIемашкахь дакъалаьцна йолу «Азов» полк кхоьллинчу Княжецкий Виталийн дакъа карийна Украинин Харкован кIоштахь хьуьнхахь.
Цунах лаьцна шен Фейсбукехь хаам бина Украинин Лаккхарчу Радан депутато, Мосийчук Игора, хаам бо RT телеканало.
«Ша шена тIе куьг дахьар ду боху. <…> Ца теша...», - яздина депутато.
ТIаьхьо полк хиллачу «Азов» батальоно дакъалецира Донбассехь сепаратисташ кхоьллинчу республикашна дуьхьал бинчу тIемашкахь.