ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь Оьрсийчуьра орамаш долчу талорхошна тIехь кхел ю дIайоьдуш


Немцойн Дрезден гIалахь ГIадужу - баттахь дIайолаеллачу талорхойн тобанна тIехь процессехь шен болх юха а дIаболийна кхело. Бехке озийначу 16 стагах лаьтташ хиллачу зуламхойн тобанера 4 стаг ву лийцинчеран гIенташкахь. И виъ нохчийн къомах ву.

Бакъду, талорхойн тобанехь нохчел совнаха оьрсий а, украинхой а, Малхбалерчу Европерчу пачхьалкхашкара нах а хилла, Дрезденерчу прокуратурано чIагIдарехь. И 16 стаг лаьцна ву. Царна лерина кхин а масех кхел хир йолуш ю.

Карарчу хенахь жоьпалле озийна волу виъ жимстаг 28 шарера 31 шаре кхаччалц хенаш йолуш ву. Уьш берриш а Германехь я тховкIело йолуш бу, я тховкIело шайна хьаяларе ладугIуш бехаш хилла.

Царна бехке дохкучу зуламийн терахь вуно лакхара ду - бехкталламан акташ а ю 4000 сов агIонах лаьтташ. Мафин хьесапехь зуламе тоба а кхоьллина, нахера шантажца ахчанаш дахар а, кхерамаш тийсар а, ницкъ барш а, корт бахон наркотикаш а, иллегале герзаш лелор а ду царна бехке дуьллуш.

Дрезденерчу прокуратурехь Маршо Радиона тIечIагIдина ма-хиллара, кхин а масийтаза цхьанакхетар бу кхелахой, цу веа стагана хан кхайкхаяле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG