Оьрсийчоьнан президентца Путин Влдаимирца Сочехь дийцаршдан вахана Чехин куьйгалхо Земан Милош. Деа денна ша арабаьккхинчу новкъара Земан кхочур ву Москох а, цигахь 22-чохь премьер - министрца Медведев Дмитрийца хир ду цуьнан цхьанакхетар. Иштта оьрсийн-чехийн бизнес-форумехь вистхила везаш ву президент Земан. Бизнес-форумехь дакъалоцуш хир бу 130 гергга Чехерчу компанийн куьйгалхой.
Иштта Iалашо ю Земанан СССР-н хиллачу президентца Горбачев Михаилца делкъе ян а.
Стохка Чехин президента Оьрсийчоьнехьа узуш дина къамелаш ца тайнера Чехин Iедалехь болчарна а, Малхбузерчу бартхошна а.
Украинана тIелатарна Малхбузено Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш Земана шеконашка яхкаро оьгIазъяхийтинера Киев.
Москоха ГIирмана йина аннекци «хилла яьлла факт ю», Оьрсийчоьно компенсаци яла еза Украинана я газаца, я мехкдаьттанца, я ахчанца аьллера Чехин президенто.
Иштта стохка Iамеркан цхьанатоьхна Штаташна бехбиллира Земана, низамаш дохош Шемарчу тIаме гIоьртина аьлла.
Оццу юкъанна лаккхара мах хадийра Оьрсийчоьно Шемахь дIахьочу «антитерроран кампанин».