ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молла Хийтанаев дIаваьккхина балхара


Хийтанаев Мохьмад.
Хийтанаев Мохьмад.

Нохчийчохь даржах вохийна Соьлж-ГIалан къеда а, "Нохчийчоьнан Дог" маьждиган имам а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча а волу Хийтанаев Мохьмад, хаам бо "Кавказ.Реалиино".

Респуликехь дIоггара дика вуьйцуш воцу Хийтанаев хIинца гуш вац телевиозионехь. Иза гуш вац нахана юкъахь а. Муфтис Межиевс вовшахтухучу цхьацца мероприятешкахь а гуш вац Хийтанаев, цуьнан когаметта иза велахь а.

И стаг балхара дIаваккхаран бахьана хууш дац. "Кавказ.Реалиино" дийцарехь, Хийтанаевн декхарш кхочуш деш ву муфтин кхин цхьа когаметта волу Абдуллаев Аслан.

Хийтанаевн 41 шо ду. Шемахь а, Нохчийчохь а дешна ву иза бусалба дешар.

Молла Хийтанаев гIарвелира 2016 шо чекхдолуш, Соьлж-ГIалана тIелатар дина бохучу кегийрхойн гергара нах махках бахар цо вовшахтоьхча. Пригородное эвлахь адам а гулдина, полисхошна тIелатар вовшахтоьхна лоручу Бахарчиев Зелимхин гергарчу нахана неIалташ бахийтира цо меттигерчу бахархошка.

Цул тIаьхьа махках бовла дийзира БахарчиевгIеран.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG