Кху деношкахь Москох Нохчийчоьнан омбудсмено бакъонашларъярхойн Координацин кхеташонца цхаьанкхетча дIахьедина, Оьрсийчоьнан субъекташлахь заьIапхошна лерина уггар а тоьлла, эвсара хьелаш кхоьллинчу кхаа мехкашлахь Нохчийчоь ю аьлла.
ХIинццалц схьа даим а шайна Iедалша ца ечу тергонна а, чу-ара дийла боцчу аьттонех хаддаза дуьйцучу заьIапхойн дахарехь дикачу агIор хийцамаш хилла - те аьлла, Маршо Радионо хаьттира, махкахь гIудалкхчохь бисинчу нахе.
Нохчийчоьнан бакъонашларъярхочо кхачо йоллуш аьттонашкахь бу инвалидаш бахахь а, Теркйистерчу Мурадов Бауддин дахаран хьелашкахь хийцаделла кIад а дацара.
" Чу-ара вала а некъ бац, бакъдерг аьлча, со суо волчахь ас мел а меттиг тобина сайна. Вуьшта, Дала делла хIума дац, хIара ду аьлла. Воккхавен гIуллакх дац! Я луш хIума я яц, я деш хIума а дац. Кху шарахь санаторий ваха путевка эца дагахь кехат чуделлера ас, я путевка а яц, я воьдий хьо аьлла хоттуш стаг а вац".
Махкарчу заьIапхойн лан дезачух дуьйцуш, Соьлж-ГIаларчу вахархочо Исрапила кхи башха даккхий дезарш а ца доьхура шаьш Iедале элира, чу-ара валарца хуьлу дуьхьалонаш ястар бен.
"Гуттар петар чохь Iийча инвалидан цамгар кхин а чIагIло, аравала лаьа, гергарчу нахе хьошалгIа ваха лаьа, чу-ара вала аьто ца хилча, гуттар а хала хуьлу тхуна. Сайна цхьана агIор дуьхьало хилча, дог этIа сан, цамгар тIетаьIа.
Жимма хила ма деззара хьелаш хилча, чIогIа атта хир дара. Кхечу пачхьалкхашкахь инвалидийн дахаре хьаьжча, кхузахь дахар дан а дац заьIап нехан. Аравала аьтто болуш вац иза. Жимма тхуна терго йича, тхан дахар мел а самукъане хир дара", - аьлла, дерзийра Исрапила шен къамел.
Маршо Радион Нохчийчуьрчу фотокорреспондентан суьрташа а гойту, Нохчийчохь мел аьттонаш бина Iедало заьIапхошна.
Делахь а, бахархой-м дIабоьлла, махкарчу Iедало а, цунна тIехIоьттинчу Кремло а кест-кеста Iорадохучу Нохчийчуьрчу бIаьрлачу хиламех зевнечу дIахьедарех.
Еаридийнахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, махкахь пайдаоьцу оьрсийн а, нохчийн меттанаш цхьатеррачу барамашкахь хьоьхуш ду аьлла.
Дуккхаъчу зорбанаша дуьйцу, оьрсийн къоман векалшна эшам бо Нохчийчохь бохуш, аьлла Кадыровс. Ма-дарра дийцича, бухера дуьйнна бакъ дац и, хIунда аьлча, ша латтош ю боху мехкан куьйгалхочо, школашна а, лакхарчу доьшийлашна а лерина программаш хIитторна тIехь терго.
Долу сурт ма-дарра гайтархьама, Маршо Радионо хаьттира Соьлж-ГIаларчу а, ярташкарчу а меттанийн хьехархошка, цхьана кIиранчохь маса сахьт ду оьрсийн а, нохчийн а меттанашна дIасадекъна.
Цара бахарехь, 5-чу классехь оьрсийн меттан 5 сахьт ду, литературан 3 сахьт.
Ткъа нохчийн маттана кхаьчнарг 3 сахьт, литературана 2 сахьт.
9-чу классашкахь оьрсийн меттан сахьташ кхи а алсамдаьхна. Мотт хьеха делларг 6 сахьт ду цу классашкахь, литературана 4 сахьт.
Нохчийн меттан а, литературан а шишша сахьташ бен дац.
Оцу масалша а гойту, муьлхачу матто лов гIело.
Ишта-м байначу баттахь регионашкарчу экологин ситуаци теллича, Iаламан министралло хIоттийначу рейтингехь 8-гIа меттиг дIалаьцна Нохчийчоьно, экологи вуно дика хиларца.
Цхьана агIор аьлча, махкахь болх беш яц цхьа а химин, газан завод а, я фабрика а. ТIаккха ца хуьлийла а дац экологин хьал дикачу жамIашкахь гайтина, аьлла хетар дара...
Амма тIеман шерашкахь Оьрсийчоьно эксперименташ а еш, Нохчийчохь ца дасош герз, бомба, ракета дитина цахиларо а, оцу дIаьвшех хIинца а цIандаза дуьсу дозанаш а дийца даьхча, шеконаш кхоллало.
БIаьсте тIе мел кхочу боллу мохк ара а баьккхина, Iедало субботникаш кхийкхош, нораш хьекхийтарх, латталур яц экологи. Бахархоша шаьш далха а деш, Нохчийчохь хиш ду Iаламат боьха, луьттургах чекх ца даьккхича, мала а ца тарлуш. Цундела ду - те махкахь пехийн, чуьйрийн даьржина лазарш?
Делахь а, тонка уьйзурш кIезиг хилла Нохсчийчохь.
Роспотребнадзоран жамIашца, Нохчийчохь къаьсттина лахара ду туьканашкахь цигаьркаш оьцучийн терахь.
Тонка узурш бацахь а, тоьар ду кху цхьана шарахь махкарчу Iедало мел лаьцна наркотикех а, психотропан препаратех а пайдаоьцурш. Меттигерчу телевизионан эфирашкахь хIора сарахь гойтура церан яххьаш, тайпа-тукхумехь мел верг схьа а гулвой.
Ишта-м пачхьалкхехь ешархой уггар дукха болу регион ю аьлла, бутт хьалха "Оьрсийчоьнан Почтано" билгалъяьккхира Нохчийчоь.
Газеташка а, журналашка а базбеллачу нехан терахьаш дуьстича, къастийна шаьш боху цара.
Маршо Радионо шен ладогIархошка а, ешархошка а хаьттича гучудаьлларг вуно морзах дара. Пенси схьаэца я коммуналан ял дIаяла дахча, нуьцкъаша коча духку шайна газеташ, журналаш элира Маршо Радионе Соьлж-ГIаларчу пенсхочо Ахмадов Супьяна.
ТIаьххьарчу шерашкахь ша дитина газеташка язвалар, амма шеко ю шен, бахархой зорбанашка язло бохучух элира 40 шарахь гергга журналистикехь ваьцначу Iайндис: "Ас 2015-чу шарахь дитира газеташ, журналаш яздар, стенна аьлча, уьш шен хенна дохьуш а дацара, даима а тIаьхьаваьлла лела дезара".
Шун гергарнаш язбеллий газеташка аьлча, царна уьш хIун ю ца хаьа, хабар ду хьуна оццул наха газеташ яздо бохург элира Iайндис.
Ишта-м депресси хIун ю ца хаьа нохчашна. Къаьмнийн медицинан - талламан психиатрин, наркологин центран статисташа хIоттийначу тептарехь уггар а кIезиг бу Нохчийчохь гIайгIанаша а, баланаша дог таIийна нах.
Цундела, хIун дан деза депресси герга ца яийта аьлла, гонахарчу регионашна яла рекомендацеш а ю цигарчу Iедалхойн.
Зорбан министро Умаров Джамбулата Оьрсийчоьнан мехкашлахь Нохчийчоь уггар а позитиве регион ца хуьлийла а дац аьлла, хьехамаш бира телеэфирехь.
"Ша шена чохь къовлавелла Iен мегар дац стаг. Ирсе хила дукха ахча ма ца оьшу. ДогIаьржа хила ца веза хьо, дикане кхийда а веза хьо. ТIаккха политикехь а дерриг дIанислур ду, хьан финансашца а гIуллакхаш толур ду", - аьлла Умаровс.
Ишта-м, министро бохучунна тIе а тайна, тоьшийла а дац, цунна ша седа-жайна хьожуш хетарх а.
Кху аьхка дуьйна Соьлж-ГIалахь тIепаза вайначу иллиалархочух Бакаев Зеламхех дуьненчуьрчу зорбанаша дуьйцуш, и башха даккхийчех а ца хийтира цунна.
Цул совнах, "кеста схьагучувер ву, ша тIехьерчийначу декхарех ведда лелаш ву иза" аьллера цо.
Ткъа тахана пхоьалгIа бутт а бу гергарчарна шайн вайначуьнгара кост кхачанза.