"Шоьтадийнахь Iамеркан векалтна хьалха демонстраци ечу хенахь Израилерчу полисхочо легаш а Iевдина, вуьш ву палестинхойн жима кIант. Мискачу кIанто ур-атталла шахIадат а далийра, ша веле хьалха.
Дуккхаъ тобанаш хIара видео Ютюб чу а, Гугл чу а, Фейсбук чу а кхосса гIортарх, иза цу чуьра юх-юха а дIайойъуш ю. Боккъал а гIо дейша, хIара яржо!" Оьрсийн маттахь язйина хIара чулацам болу текст улле а тоьхна, кху деношкахь социалан машанашкахула а, вастапехула шуьйра дIасатуьйсуш ю.
Полисхоша цхьа кхиазхо вожа а вина, иза сацорхьама цуьнан куьйгаш а дихкина, цхьаъ цунна тIе а хиина Iаш гойту видеокадраш. Iарбойн маттахь цу кIанта цхьаъ дуьйцуш а хеза, полисхоша гIовгIанаш еш а хеза. Амма иза мичахь, маца хуьлуш ду видеога хьаьжча кхеташ дац.
Бакъдолчехь, и видео я Израилехь, я Палестинехь, я шоьтадийнахь, я Iамеркан векалтна хьалха а яьккхина яц. Иза кхо шо гергга хан хьалха, 2015-чу шарахь Швецехь хилла хIума ду.
Цу хенахь социалан машанашкахь а, хаамийн гIирсашкахь а шуьйра дийцина а дара цу тIехь хилларг. Автобусан социйлехь цхьа къепедацар дар бахьана долуш Швецерчу полисхоша сацийнера Iарбойн орамаш долу ши кхиазхо. Цара шайна дуьхьало йича полисхоша вуно шога цу шиннах цхьаъ хьарча а вина, вожийнера. Кхиазхой лоцучу хенахь оьшучул сов ницкъ гайтарна полисхошна дуьхьал таллам а болийнера хIетахь Iедало.
Амма кху деношкахь, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда Къудс гIала Израилан коьрта шахьар санна къобалъярца доьзна Европехь а, Палестинехь а митингаш хиларх бахьана а дина, цхьана цабевзачу наха цIенчу оьрсийн маттахь язбина дIасабаржийна и харц хаам, мацахлера Швецера инцидент Израилехь бусалба кхиазхо вер санна а гойтуш.
Мичара ду-те ишттачу питанийн орамаш? Хьанна оьшу и санна йолу фейкаш яржор? ХIунда яьржа уьш сел сиха нохчашна я кхечу бусалба нахана юккъехь?
Историн Iилманчина Бакаев Хьасанна хетарехь, цхьана агIор, уьш яржочу могIарерчу наха ойла ца яр бахьана долуш а, вукху агIор, питанчаша лерина дезинформаци а яржош, тIаккха цунна тIе а тевжаш, бакъйолу харцонаш а, фейкаш санна гайта Iалашонашца даьржина ду и хIума. Бахьанашца дийцира Бакаевс: "Соьга хаьттича, ши бахьана ду цигахь, хьалхарниг- наха шайга цхьа дагах кхеташ долу хIума кхаьчча, иза бакъ ду я дац ойла а ца еш, кхечаьрга дIасатийсар ду.
ШозлагIа бахьана – цхьа провокаци хила мегаш ду иза. Иштта цхьа харц хаам а бой, иза нахе баржа а бойтий, адам карзах а доккхий, цул тIаьхьа "хьовсал, иштта хIара харц хIумнаш дуьйцу кхара" олий, и хIума гучудаккхархьама. Фейкийн тIом олу-кх цунах. ХIинца массеран а карахь телефонаш ю, и хIумнаш даржон атта ду. Хьалха массеран а ма бацара газете я телевизионе кхача аьттонаш. Тахана массо а журналист а хилла дIахIоьттина, цундела и харцонаш яьржа".
Масех бутт хьалха интернет лелочу нохчашна юккъехь вуно шуьйра яьржинера Бирмехь рохинжа къомана тIехь бечу ницкъах лаьцна видеош.
Царна юккъехь боккъал а цу къомана тIехь лелош йолу къизаллашца цхьаьна иштта интернетехь карон йиш мел йолчу, масала, Колумбехь наркомафино лелийна йолу я Африкехь террорхоша лелийначу къизаллийн видеош а яра, "Бирмехь хилла ду хIара" бохуш, гойтуш.