ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"БIаьргахь дитт санна вара иза"


Бакъонашларъяран "Мемориал" организацин Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб бехкево наркотикаш лелорна. Ткъа бакъонашларъярхойн шеконаш яц, цунна наркотикаш кхийсина хиларх.

Шинарийдийнахь лаьцна Титиев Оюб. Iуьйранна балха гучу ца ваьлча, цуьнан накъосташа орца даьккхина хиллера. Титиевн гергарчара, иза Iуьйранна шен хIусамера араваьлла, Куьрчаларчу шен доттагIчух кхета лаамца, цул тIаьхьа Соьлж-ГIала балха а воьдуш аьлла, жоп деллера.

Шен доттагI волчу а дIа ца кхаьчна Титиев. Цуьнга телефлон дIа ца кхетча, синтем байна доттагI а иза лаха воьллера.

"Куьрчална а, Майртуьпна а юкъарчу Хумык олучу хина тIехула долчу тIай тIехь некъан инспекторийн духаршца 5-6 стаг а, лаьтташ Титиевн а, инспекторийн а машенаш гинера цунна. Цхьахволу белхахо Оюбан машенах хьожуш вара, ша Титиев а вара уллохь лаьтташ. Машенчуьра охьа а воьсина, шена доттагIчунна тIе воьдучу хенахь, Оюба куьйгаэшарехь, тIехвалий, дIагIо аьлла хиллера цуьнга", -хаамбо "Мемориало".

Бакъонашларъяран центран куьйгалло хиллачух дIахаийтина Оьрсийчоьнан президентехула йолчу бакъонашларъяран Кхеташонан куьйгалхочуьнга Федотов Михаиле а, омбудсмене Москалькова Татьяне а. Церан гIоьнца Куьрчаларчу полисхойн декъехь хаавелира Титиев. 60 шо долу бакъонашларъярхо Титиев бехкево наркотикаш лелорна.

"Цуьнан машенах полисхой хьовсучу хенахь полимеран тIоьрмаг хаабелла, марихуанан хьожа а йолуш, 180 грамм коьчалца", -хаамбо Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша, Титиевн машенчуьра баьккхина тIормиг талламан экспертизе бахьийтина, ткъа шех бакъонашлраъярхочух медицинан таллам бийр бу аьлла, билгал а доккхуш.

Лаьцначунна масех сохьтехь тIе ца витина цуьнан адвокат. Мехкан куьйгалхочуьнгахула адамийн бакъонашларъечу Кхеташонан декъашхо Саратова Хеда цхьана йолуш бен аьтто ца бина адвокатан Титиевна тIекхача.

Саратовас дIахьедина, йиттина, тIехь ницкъбина таммагIаш дац лаьцначунна тIехь, шегахь наркотикаш хилар тIе ца дуьту цо аьлла.

Титиевн белхан накъостий тешна бу, долийна гIуллакх фальсификаци хиларх. Исламан мехаллаш ларъеш, маларца, тонкаца гIуллакх долуш стаг вацара Титиев аьлла, тIетадина центран белхахоша.

"Мемориал" центран "Горячие точки" программан куьйгалхочо Орлов Олегна хетарехь, 2017-чу шеран Iай Нохчийчохь кхел йоцуш нах байаран гIуллакх таллар бахьана ду иза лацаран.

"БIаьргахь дитт санна ма бу бакъонашларъярхой царна. ХIара гIуллакх цара кечден дикка зама хиллачух тера ду. ХIокху муьрехь иза лацар стенна ду аьлча, "Новая газетано", тоьпаш йиттина байинчу 27 стагах зорбане даьккхинчу тептарна тIехь болх беш дара тхо. ХIара шо карадеача и болх боло Iалашо яра тхан. Гарехь, цундела лаьцна цара Титиев", - дIахьедо Орлов Олега "Кавказ.Реалиига".

Титиевна дуьхьа даьккхина гIуллакх бух боцуш хиларх тешна ву Оьрсийчоьнан президентехула бакъонашларъечу Кхеташонан хьалханча Федотов Михаил а.

"Шиъ бехкзуламан гIуллакх делла бахьанаш ду. Цхьаъ Титиев Оюбан машенчохь наркотикаш карорца доьза, важа, наркотикаш цунна кхийсарна. Титиевн бакъоаншаларъяран гIуллакхца доьзна хила тарло цуьнан машен чу наркотикаш кхийсар а", аьлла, Федотов Михаилан дешнаш даладо ТАСС агенталло.

2010-чу шарахь дуьйнна вара Титиев Оюб Соьлж-ГIаларчу бакъонашларъяран "Мемориалан" декъан куьйгаллехь.

Меттигерчу Iедалшкара цара тIеIаткъам ловш болу дикка хан яра.

Масала, 2009-чу шеран Товбеца-беттан 15-чохь центран белхахо Эстемирова Наталья йийра.

ХIетахь "Мемориалан" куьйгаллехь хиллачу Орлов Олега дIакхайкхийра, Нохчийчоьнан Iедал бехкехиларх оцу зуламна.

Иштта бакъонашларъярхоша билгалдоккху, Нохчийчохь 228-чу артиклах (наркотикаш лелор) сих-сиха пайдаоьцуш хиларх шайна муьтIахь боцу нах новкъара бохуш.

2014-чу шарахь наркотикаш кхийсина, набахте хьажийра Къилбаседа Кавказан къаьмийн Ассамблейн лидер Кутаев Руслан. Iедалан бехкамаш а ца лоруш, 1944-чу шарахь Сталинан омраца нохчийн къам Сибрех дахийтарна лерина конференци вовшах а тольхна, дIаяьхьнера цо.

Диъ шо чохь а даьккхина байначу беттан 20-чу дийнахь маьршаваьккхина иза.

Кхо шо хан кхайкхийна, набахте кхоьсина "Кавказан узел" агенталлан журналист Гериев Жалавди.

Куьрчална гергахь лаьцначу цуьнгара шаьш 167, 07 грамм каннабис олу наркотикаш яьхна аьлла, чIагIонаш йира хIетахь полисхоша.

Ткъа ша журналисто дIахьедора, полицино ша Соьлж-ГIаларчу аэропорте боьдучу новкъахь лацарх, цул тIаьхьа кешнашка а валийна, вуьйр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш, тIехь ницкъ а бина, шега харц тоьшаллаш дайтарх.

Политикан тутмакх лерира Гериев Жалавди. Европан кхелахь (ЕСПЧ) луьстуш ду цуьнан арз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG