"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнга Титиев Оюбага официалан кепара бехк кховдийна боккхачу барамехь наркотикаш лелорна аьлла. Шеларчу гIалин кхело сацам бан беза иза кхин дIа талламан изоляторехь витарх лаьцна. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксе" "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александара.
Дуьненаюькъарчу адамийн бакъонаш ларйечу вовшахтохараллаш кхайкхам бина Оьрсийчуьрчу Iедалшка, Титиев дIахеца аьлла. Царна юкъахь ю "Международная федерация за права человека" а, "Норвегера Хелсинкин комитет" а, Human Rights Watch а, Front Line Defenders а, Amnesty International а.