ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдойн керла вовшахтуху ницкъаш шаьш хIаллакдийр ду аьлла ЭрдогIана


Шеман-туркойн дозанера курдойн кIошташ Iалашъян мисси тIейожорхьама Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIома кIел кхуллу "кхерамзаллан ницкъаш" луьрачу критике даьхна Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа.

Беккъа курдойх а, церан агIончех а лаьтташ хир ду 30 эзар гергга стагах вовшахтуху эскарш.

Хонкарарчу митингехь оршотдийнахь вистхуьлуш ЭрдогIана дIахьедина, туркойн Iедалшна шайн бартхо лоручу пачхьалкхо Туркойчоьнна кхераме хир йолу террорхойн арми вовшахтухуш ю аьлла.

Шеман къилбехьа Iамеркан инициативаца кхуллуш долу тIеман эскарш, шаьш зIидигаш хецале хIаллакдийр ду аьлла, кхерамаш тесна туркойн президенто.

Шеман Iедал а дуьхьал ду курдойх эскарш вовшахтохарна. Цара а чIагIо йина. уьш шаьш хIаллакдийриг хиларх а, ишта шайн махкара 2 эзар гергга стагах лаьтта Iамеркан тIеман контингент эккхориг хиларх а.

Iамеркан план Шема екъа а екъна, цуьнан цхьахдолчу декъанна тIехь шайн контрол латто Iалашонца йолийна ю аьлла Дамаскан бартхо йолчу Оьрсийчоьно.

Туркойчоьно а, Iамерко Шемахь тIом лаьттачу хIокху ворхI шарахь цхьабарт болуш дуьхьало латтийна Асадан ражна.

Шеман демократин курдойх лаьттачу ницкъийн организацина Вашингтоно гIортор йинчул тIаьхьа барт ийгIина шина пачхьалкхна юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG