Венерчу кеманийн портахь, лерина чартеран рейс а лаьцна, Москох дIахьажийна 35 Нохчийчуьра мухIажир. Царна юккъехь дукхах дерш берхIитта шо кхачаза бераш ду. Немцойн, австрихойн урхаллаша цхьаьана дIаяхьна ю и операци.
ТIаьхьарчу масех кIиранахь Австрера а, ткъа иштта Австрица доза долчу немцойн Бавари лаьттера а вовшахтоьхна бара и нах. Депортаци йиначарех 31 стаг Австрера ву, ткъа биснарш бу Германера. Маршо Радион информацица, уьш массо а цхьана бахьанца арабаьхна – церан политикан я гуманитаран тховкIелонах долу дехарш Iедало юхатохар.
Германин а, Австрин а хьукматхоша шерашкахь цу нехан гIуллакхаш теллина даьлла ца хиларна цу мехкашкахь доьзалш кхиина нохчийн доьзалийн.
Цхьа а низам а ца дохош, дика интеграци йина болу мухIажираш Оьрсийчу дIахьовсорна дуьхьал бу меттигера бахархой. Шинарин сарахь Венерчу кеманийн портехь иттанаш юкъараллин жигархоша флэшмоб дIаяьхьира, адамаллица цхьаьна ца йогIу депортацеш совцае аьлла.