Кадыров Рамзана Нохчийчу кхойкхучу безачу хьешех ву вевзаш волу продюсер, Валерия иллиалархочун цIийнда Пригожин Иосиф. Дуккха а дийцарш ду "гламуран десантна" гуонах – Нохчийчоьнан куьйгалхочо дечу дезачу совгIатех, гонорарерх.
Пригожина "Кавказ.Реалии" портале дийцира, ма дарра аьлча, хIун гергарлонаш ду шен политикца.
- Ахчанна тIера долор вай къамел. Соьлж-ГIала яхарх гонорараш елирий Валерияна?
- Iаламат корректе дац хьан хаттар. Ас цунах лаьцна дуьйцур дац.
Тайп-тайпана ситуаци нисло. Масала, коммерцица доьзна даханехь, ахча луш меттигаш нисло. Нагахь санна хьошалгIа я цхьа историн хилам хиллехь, доттагIаллин уьйрашкахь дахар нисло.
- ХIоккхул-оццул аьлла мах ала ца лаьа-кх хьуна?
- Цкъа а эр дац. И тхуна юкъара коммерцин истори ю, цунах дискусси яр а товш дац. Цхьана Соьлж-ГIала дахарх аьлла ца боху хьуна ас. Вай дехачу пачхьалкхехь 140 миллион стаг ву. Адамийн кеп-кепара социалан статус ю, таронаш а ю. Со даим дуьхьал вара Оьрсийчоьнан Forbes журнална, хIунда аьлча, вай вешан психологица кийча дац цунна. Iамеркехь ша ду, амма вайна хьалхе ду. Вайн доьзалшна а, берашна а зене ду иза, зудчун, майрчун юкъаметтиг а санна, ахчанах дийцар оьзда дац.
ХIораннан а шен тароне хьаьжжина ахча даккха аьтто бу. Советан заманахь 100, 400 миллион экземплярашкахь юхкуш хиллачу пластинкех ахчанаш ца кхачадора артисташна. Ткъа Iамеркехь хьоладай хуьлура шоу-бизнесера нах. Вайн пачхьалкхехь арахь нуй хьокхучул а лахара хила везаш ву музыкант.
Дукхахболчу олигархашна, тхан мехаш девзича, дукха хета. Схьадийцарехь, Иглесиас Энрикена миллион долларшкахь кхачар, башха даккхийчех дац, ткъа Пугачева Аллина 300-500 эзар доллар далар, сов хета. Нийсо яц и.
- 2017-чу шарахь шу цкъа даана ца Iийра Нохчийчу. Мехкан куьйгалхочо муьлха шун визитна ахча делира шуна?
- Ахчанах къамелаш тхан цкъа а ца хилла Кадыров Рамзанца. И воцчуьнца а, ас цкъа а дийцина дац ахчанаш. Масала, цхьана пачхьалкхан президенто соьга хаьттира, шайн майданахь Валерияс эшарш локхург мах хIун хир бу аьлла.
Ас жоп делира, хьоьга а, хьан пачхьалкхе сан боккха ларам бу, цундела гонораран гIуллакх хьоьца дийцар суна товш ца хета. Хьайн гIоьнчашка соьга телефон тохийтахьа, аьлла. Цул тIаьхьа соьга цуьнан администрацера телефон туьйхира, ас мах дIа аьлча, царна дукха хийтира. Кхин лахарчу мехах тхо догIур дац элира ас.
Сайн ма хуьллу гIиллакхехь чекхвала гIерта со. Дахаро Iамийна со масаьрца а гергарло лело. Со къоьллера гIаьттина ву, тхо кегий долуш, дезачу деношкахь бен ца йора жижиг тоьхна чорпа.
Сан а, сан хIусамненан а хIуммаъ дацара. Дайх дисина даьхни ца кхаьчна тхошинна. Rolls-Royce автомобилца со дIасалела бохуш, сайгара бехкаш даьхча хатта дог догIу сан, мичахь вара хьо со Москох дан хIума доцуш хене вуьйлучу заманчохь.
Муьлхха а стаг гIерта лакхене. Карьера ян Iалашо хуьлу массеран а. Со воккхавоь Трамп Доналдан, Путин Владимиран, Назарбаев Нурсултанан, кхи а дуккхаъчийн кхиамех.
- Кадыровн карьерех воккхавоьй хьо?
- Воь. Цундела со декхаре ву уьш лара. ТIаккха къамелаш до, муха хилла цунах ша верг, муьлхачу доттагIашна гIо дина, хьанна ца дина. Нехан соьмаш дагардар а, даим цхьана хIуманна реза воцуш хилар а, товш дац.
Iаламат дика карьера йина Кадыровс. Иза кхоллархо ву, иза воккхвоь шен республикех. Дика нах бу цо шена гонах гулбинарш а. Хила ма везза, къонах ву иза. Шен дешан да ву. Нийса дац цунах гIалаташ лехар. ХIора стагца ма ю дика а, вуон а амалаш.
Уггар Рамзанехь суна тайнарг хIун ду аьлча, шайн ламасташ цо лардеш хилар: баккхийнаш ларар, хьешашца болу ларам. Валерия сцени тIехь гучуяьлча, хьалагIаьттира иза, цунна тIаьххье масо а хьалаайвелира.
Деваша вистхуьлучу хенахь, корта охьа а таIийна, ладоьгIуш лаьттара иза. Оцу масалша Iамаво патриотизме а, баккхийнаш лара а. Тахана дуьненахь тIе ца тоьарг ду и.
Тахана вайх хьанна а ала тарло акхалла ю цуьнца, доцург тIеолла а тарло.
Амма Рамзан шен Нохчийчоьнца вехаш стаг ву. Экономикан юкъаметтигаш дIанисъеш ву, юьртабахам кхиош а ву.
Со шалхалла йолуш стаг вац, амма Кадыровца къамелаш динчул тIаьхьа кхийтира со, шен даймахкаца бала болуш стаг ву иза. Ахча ца дуьйцу цо, цо дуьйцург кхолларх, эволюцех.
Дика кIант ву иза. Цуьнца мичча а ваха мегар ду. Иза цкъа а хьуна ямартвер вац. Сан бала бац, цунах лаьцна наха хIуъа а дийцарх а, хетарх а. Цхьа наггахь Рамзан санна доттагI вац-кх сан, олий, хета суна, мичча хенахь а, цуьнга телефон тоха.
- ХIетте а Кадыровс хьо а, хьан хIусамнана а шен виначу денна хIоттийначу бараме а ма кхайкхира. Ахчанах дерг дийцар товш дацахь а юха хотту ас, накъосталлийн уьйрашца дахара шу я…?
- Тхо хьеший дара. Амма Валерияс эшарш лекхира цигахь. ХIун лур ю артисто винчу денна совгIатна? Эшаран совгIат дийр ду-кх. Цу тIе, хIун лур ю ахь массо а хIума йолчу стагана? Mercedes лур ю? И цунна оьшуш яц. Lamborghini лур ю? Иза а цунна оьшуш яц. Ахча? Цуьнан дукха бу доттагIий-хьоладй.
- Цхьана пачхьалкхан президентах элир-кх ахь, цуьнан гIоьнчаллашца гонораран гIуллакх а дуьйцуш. Кадыровн гуонерчу хьаьнца дуьйцу ахь финансийн хеттарш?
- Кадыров Рамзана, шен гIоьнчалаша а санна, цкъа а ца хьехийна соьца ахчанах тема. Йиллина коммерцин юкъаметтигаш ма яц тхан. Бизнесхойн гуо бу, республика кхиорхьама инвестицеш кхачош.
Цара Кадыровна совгIат деш меттиг нисло. Ас билгалдоккху, бюджетера ахча дац хьуна и. Дукха хьолахь бизнесменаша дехар до, концерте кхойкхуш.
- Муьлш бу уьш?
- Суна ца лаьа церан цIераш яха, маьIне ца го суна уьш бовзийтар.
Цхьа Нохчийчоь аьлла ца боху хьуна ас, оха йохур яц кхечу регионашкарачу тхаьш юкъараллаш лелочийн цIераш а. Тхан доттагIий бу уьш. Цара телефон туху, масала, боксан чемпионат схьайоьллучу ян аьтто хир барий Валериян олий.
Масала, гIалин де даздечу хенахь тхо кхайкхича, ахча делира. И тхан бепиг ма ду. Нагахь цхьанхьа маьхза эшарш лекхахь, вукхунхьа "баркаллех" концерт хIоттийча, керла эшарш а, клипаш а стенах йохур ю оха?
Цхьа могIа бизнесхой а бу тхуна гIо деш. Масала, тIаьххьара клип йоккхуш ах мах цхьана совдегаро белира. Тахана цунна хьалха декхаре ду тхо. Мичча хенахь а цхьанхьа эшарш лакха кхайкха тарло цо тхо.
- Кадырова Iайшта хIотточу модан гайтаме хьан кхайкхийнера шу? Цигахь мел кхечира шуна?
- Цигахь ахча хьехош а дацара. Тхуна дика вевзачу цхьаммо хаам бира тхоьга, къона модельер шен гайтам хIоттош ю аьлла.
- Ахь Iаламат чIогIа хестош вийци Кадыров, ткъа хIун эр дара ахь, цунах бевдда Европехь бехачу нохчашка?
- Муьлхха а хилам талла безаш бу. Суна цхьа хIума хаьа: Рамзан хьекъал долуш, кхетамехь стаг ву, цуьнца барт а хуьлу бича.
Со тешна ву, нагахь Нохчийчу цIа бахка луурш цIеначу дагца, Iедалан карчам бан а ца гIерташ, теракт дан Iалашо а йоцуш, богIуш буй, цо цкъа а дуьхьало йийр яц царна. Вай тIеххула хьовсу хIумане, бухара дуьйнна ца зуьйш.
Со кхузахь Кадыровна тIехIуттуш вац (цуьнан рефери а вац со, я адвокат а вац), амма суна гина йохийначу республикехь цо динарг.
Цунна лаьа цигахь массо а тайпа къаьмнийн векалш баха. Православин килс хьалаяйтина цо, синагоган бух боьттина. Дукха юй дуьненчохь ишта дозалла дан таро йолуш пачхьалкхаш?
Хьекъалан, оьздангаллин символ лору ас Путин Владимир а, Кадыров а.
Шайн пачхьалкхна, шайн кIоштана, шайн къоманна бецаш нах бу уьш. Нохчийн консолидаци йина Кадыровс. ХIинца вуон гуш бу уьш?
Дешна бу. Соьлж-ГIала хьо схьакхаьчча, дуьхьал веанарг шиъ-кхоъ меттанаш хууш хуьлу (Iарбойн, ингалсан). Со а, Лера а цецдуьйлуш Iа. Кегийрхой кхечу пачхьалкхашка деша хьийсабо, царна гIо латтадо.
Тахана дукха дуьйцу санкцех. Генарчух стенна дуьйцу, кхузахь "Русское радион" керлачу долахочо Валериян а, кхиболчу иза резавоцчу артистийна тIаьххьара эшарш радион эфирехь хозуьйтуш ца хилча.
- Санкцех аьлча, "Магнитскийн тептаре" Кадыров ваккхар бахьана долуш, Инстаграмех ваьлла иза. Дахначу шарахь иза волчу хьошалгIа хехкабеллачу артистех цхьаммо а цунна гIо лоцуш, шен Инстаграмера аккаунт дIа ца къевлира. Хьуна дагадеарий, дIакъовла езара агIо аьлла?
- ХIан-хIа, суна аьттехьа а дага ца деара. Со вуозавелла ву сайн доьзалех, сайн гергарчех, доттагIех. Цхьа а социалан маша бац со шех воьзна латтон.
- ТIаккха стен сецаво хьо хьайн Инстаграмерчу аккаунтна блок ца хIоттош? Думан спикеро Володин Вячеслава бахарехь, и майда маьрша ма яц.
- ХIара дуьне ша а дац маьрша. Вай кийча хила деза "хьенан дуьхьа?" аьллачу хаттарна жоп дала. ОьгIаз а дахана, хаьла а гIаьттина дIадаха вайн Iалашо елахь, тIаккха мегар ду, дIакъовла аккаунт а. Амма суна хетарехь, вовшашна тIе некъаш дита деза вай, дистхила а, дагадийла а.
Бакъду, Фейсбукан куьйгалло ледара хIума ду динарг. Ма дарра аьлча, цуьнан цIийнан дневник ма яра иза. Цу агIон тIехь цо декъалбора шен доттагIий бинчу денца, ша спортзалчохь а гойтура. Цуьнан Инстаграмо а гойтура, Кадыров могашчу дахаран а, доьзалан мехаллийн а пропаганда еш хилар.
Оьзда доцу къамелаш дацара цу тIехь, Iазап, ницкъбар кхийкхош, кхин пачхьалкхаш аьшнаш еш, йозанаш дацара.
- Кхузахь ахь бохучунна тIе ца тов со. ХIунда аьлча, цо масийттаза эхь-бехк доцуш дуьйцура Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатех, кхерамаш туьйсура шен критикашна, "Оьрсийчоьнан мостагIий" бохуш, цIераш а тохкуш, вийначу оппозиционеран Немцов Борисан доттагIчун Кара-Мурза Владимиран суртан публикаци йира, снайперан топ тIе а хьажийна.
Стенна оьшу Iамеркан социалан маша, нагахь хьуна оцу Штаташкахь бехарш Iовдал хеташ хилча?
- Муьлхха а маша, музыка а санна, адамашна кхуллуш бу, кеп-кепара ойланаш йолчу, тайп-тайпанчу хенашкарчу нахана.
ТIаккха декъалой вай шина декъе: Пушкинан кхолларалла езарш а, Высоцкий лоруш берш а. Масала, оппозиционерашна тахана Высоцкий – доллучу халкъан хьал хета. ХIунда? Дуккха а нах кхиина цуьнан кхоллараллина тIехь, цуьнца киношка хьоьжуш, цуьнан иллешка ладугIуш. И вайн артист ву. Юкъара. Ткъа Пушкин вайн хенан ву.
Вай кхеташ ду, муьлххачу а дийнахь вайн аккаунт а яста, къовла тарлуш дуйла. Амма неI а тоьхна, дIавахар гена гIур долуш хIума дац.
Цул совнах, шайн аккаунташ дIакъовлучу артисташа вас йо, шайн кхолларалла езачу шайн фанаташна. Политикан майда ма яц иза, рупор ма яц. Шайн кхолларалла ма ю артисташа хьалхатоттуш оцу агIонашкахь.
Цу кепарчу харцонех тхо а ма Iоттаделира, масала, Валерияна Латвехь концерт яла дихкича. Цуьнан цхьана коллегано гIо ца лецира хIетахь.
Ша шена тапъаьлла Iийра хIора а, шех ца хьакъаделчхьана. Ницкъберг лору тахана. Жимма а хьо галваьллехь, хьо хIаллакво. Солидаралла а оьшу хьуна, Инстаграм а юьйцу ахь. Вайна юкъахь яц солидаралла я хир ю ала меттиг а бац. Вайн ямартхой кхечу пачхьалкхашкахь лоьху вай, уьш вуон бу а бохуш. ХIан-хIа, уьш вуон хилар дац и, вай ду вуон а, ницкъе хила а ца хууш долу бехке.
- Ахь вониш хьахийча боху ас. Кадыровн аккаунтна блок тоьхча, ахь а, Тиматис а элира цуьнан агIо лоцуш, дешнаш. Ткъа дукхахболу "гламуран десанташ" тапъяьалла Iийра.
- Цаьрга дехьа и хаттар. Суна ца лаьа кхелахо хила. Стешха нах дуккха а бу.
- Нохчийн Iедалхоша презентаци йина шайн керлачу MyListory социалан машан. Ахь пайдаоьций цуьнан майданехь?
- Оцу машане язвелла со, амма пайдаоьцуш вац хIинца а. Хан ца тоьа суна. Массо а социалан машанакахь кхиавойла ма дац со.